Некъахьовзам хилла ши стаг лазийна Нохчийчохь

Бохам хилла Ищерскера ГIизларе боьдучу некъа тIехь. ВАЗ олу машен, дехьа агIор а иккхина, кхечу оццу маркех йолчу машенна дуьхьал кхетта. Шина а машенан хьалха хиина волу ши стаг лазийна.

Дархой дIакхачийна Шелковскойн кIоштарчу дарбанан хIусаме, хаам бо Оьрсийчоьнан Нохчийчоьнехула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанан сервисо.