Терахьийн маттахь

ДуьнентIехь 10.4 процент доьзалш бу шича-маьхчашлахь маре дина кхоьллина. 

275 блюзан концерт лора хIора шарахь кху тIаьхьарчу 50 сов шарахь Лос Вегасехь веллачу 89 шаре ваьлла хиллачу Кинга. 

12 миллион 100 эзар палестинахо ву вехаш кху дуьнентIехь. Царах 4 миллион 600 эзар сов стаг ву Израило дIалаьцначу меттигашкахь вехаш.  

50 эзар сайгак йисина Казахстанерчу аренашкахь. Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа вуно алсамдаьллера уьш яйар. 

Вуно боккхачу кхераман къеллахь долу 523 Азера лом ду тIаьххьара дагардича Индерчу Гужарат штатехь дисина. 

38 миллион стаг меттах ваьлла кху дуьнентIехь, шайн хIусамаш а юьтуш, тIемаш а, тIеман конфликташ а бахьана долуш. 

7 700 000 доллар дайина Оьрсийчоьнан Iедалша кху беттан 9-чу дийнахь Москох тIеман парад дIахьош стигалара мархаш дIасалохкуш. 

11 300 000 000 доллар барамехь дара ШолгIа Дуьненан тIом боьдуш Iамерко Советан пачхьалкхана дина гIо. 

152 де ду Азербайджанера журналист Исмаилова Хадиджа набахтехь йолу. 

Кхечу пачхьалкхера 5 стаг вийна Саудин Iаьрбийн пачхьалкхехь кIоршаме зуламаш дарна. ХIара шо доладелчхьана оцу бахьаница вийнарг ву 178 стаг. Оццул нах бен бацара стохка оцу пачхьалкхехь динна шарахь байинарш.