Убыхийн мотт хьеха болийна Абхазехь

Белла ларалуш болу убыхийн мотт хьеха дуьххьара долийна Абхазин Университетехь. (Убыхаша шайх «апёх» олуш хилла). И хаам баржийна интернетехула филолого, профессоро Чирикба Вячеслава, иза ша ву хьехархо а.

Your browser doesn’t support HTML5

Денбалур буй белла мотт?

Убыхийн мотт хьехар дийцаредеш шалха яьлла ойла

Чирикбас бахарехь, хьалха и мотт хьоьхуш бара Францехь а, Голландехь. Ткъа юьхьиг йолийнарг Тбилисин Университет ю – цигахь иттанаш шераш ду убыхийн мотт хьоьху.

Гуьржийн Iилманчас Джанашиа Русудана кхоьллина оцу меттан Iамант-монографи 2015-чу шарахь. Гуьржийн маттера оьрсийн а, ингалс а меттанашка яккха а кечйина иза. Иштта ю францойн маттахь а - «Убыхийн меттан грамматикан йоцца Iамант».

Тбилисин Университетан профессоро, линвиста Чухуа Мераба Къилбаседа Кавказан сервисца шен хиллачу къамелехь элира, «Чирикба санна волчу Iилманчас и гIуллакхан юьхьаръэцнехь, хьал вуно дикачу куьйгийн долахь ду. Шеко яц, дика хIума ду долийнарг».

Халахеташ делахь а, боху Чухуас, убыхийн мотт дIабаьлла лоруш бу, белла шо лара тарло 1992-гIаниг, и мотт буьйцу тIаьххьара адам даларна – Эсен Тевфик. Ткъа, цо дийцарехь, иттех юьрт ю Туркойчохь, шаьш- шайх бахархоша убыхаш а олуш.

«Уьш чергазийн 12 гаранах цхьаъ ду. Шайн мотт а болуш. Синдийн меттанех цхьаъ бу убыхийн мотт. Абхазойнний, адыгийнний меттанашца богIуш ларало иза», - элира Чухуас.

Убыхийн меттан массех дошам ю, юьззина йина а яц уьш, цу тIе, кеп-кепара ду дешнаш а. Таханене убыхийн мотт кхачийта къахьегнарш бу Iилманчаш - францо Дюмизель Жорж, голландхо Фохт Ганс, венгр Месарош Юлиус.

Чухуа Мераба дийцарехь, ю йисина массех эшарийн аудио а, амма уьш цкъачунна массо а тIекхочехь яц.

Убых ву схьаваларца Бадже ХIикмет. Туркойчохь 40 сов йолчу убыхийн ярташкарчу Джилахстанейхь вина иза. Веха Мараш гIалахь. 19-чу бIешарахь Оьрсийн-Кавказан тIом боьдуш дедда цуьнан тайп даймахкара. Цунна массех дош бен а ца хаьа убыхийн маттера, амма кхета къамелах. Туркойчохь бехачу массо а адыгаша а санна, ша чергази лору цо.

Баджена лаьа шайн къоман мотт денлойла. Лаьа шен къам чIагIлойла, ца дойла.

Амма массо а чергазашкахь яц оптимизм

«Чергазийн Го» олучу боламан лидеро Кеш Руслана Къилбаседа Кавказан сервисна ша еллачу интервьюхь элира, «Убыхаш – чергазийн шатайпа дакъа ду, Сочина гергахь, шапсугашний, абадзехашний, джигеташний юккъехь лаьттачу латтанаш тIехь баьхна. Церан мотт чергазийнчух богIуш бу. Массо а адыгашна хилла бохам бу убыхашна хилларг а.

Мелхо а, убыхаш гул а белла, цхьана тобанахь дIабахана, царна дараш а кIезиг хилла, масала, Натухайца дуьстича – иза-м дац теллина а», - дуьйцу Кеш Руслана. Цо бахарехь, убыхаш даймахках бовлале дуьйна а бевлла шайн маттах, бехачу меттигашкара бохарца доьзна а дац иза. Чергазийн маттах башха къаьсташ а бац церан мотт, цундела иза ма-барра метта хIуттур бу ала а дац, боху Кеш Руслана.