Забаре туьтеш

Оха тхайн программашкахь карладоху хеназа кхелхинчу Маршо радионан корреспондента Яхиев Сайд-Iусмана вайн эфирехь хазийтина забаре дийцарш. Iаьнан буса, машенахь шен доьзалца Москохара Нохчийчу воьдуш, некъан бохам а хилла, кхелхира иза ша а, цуьнан хIусаманана а, кхо бер а. Диъ шо хилла цхьа йоI дийна йисира.

Яхиев Сайд-Iусманан турпалхо вара Болтакъин Берса. Цунах лаьцна самукъане дийцарш яздина ца Iаш, уьш дийца а говза вара Сайд-Iусман.
Тахана цуьнан хьалхара дакъа ду.
Болтакъин Берса шен дахарехь керла гIулч яккха дагахь ву. Ма-дарра аьлча, чохь болчара, лулахоша, бевза-безачара а зуда ялае бохуш, вала а, вола а ца витина, иза ялон араваьлла Берса. Зуда ялор атта хIума дац. Амма Болтакъин Берса а вац атта вухучарах. Дикка ойла а йина, вайн радиога кехат яздира цо.

Your browser doesn’t support HTML5

Забаре туьтеш