Наркотикаш а, иштта чIогIа лоруш, стаг тентагвоккхуш йолу дIаьвше хIумнаш йохкар бехкенна а диллина, кхеле валийна Нохчийчуьра вахархо Даутмерзаев Бесита.
Талламчаша бакъдарехь, шо хьалха шен кIантаца бертахь Хьалха-Мартанарчу вахархочунна 1,5 эзар соьмах спайс олу корта бахо молах доьхкина хилла бехкевечо.
Кхело 10 шо а, 6 бутт а набахтехь баккха хьажийна Даутмерзаев. Иштта хан кхайкхийна наркотикаш эцначунна а.
Даутмерзаевн кIант ведда ваьлла, карарчу хенахь Iедалан лехамашкахь ву иза.