ТIемалойн гIоьнча чувоьллина Нохчийчохь

ТIемалошна гIо дан дагахь хилла стаг чувоьллина Нохчийчохь.

Нохчийчохь тIемалойн аьтто бина, цаьрца юкъаметтигаш лелийна бохуш, лоьцу-ш лаьтташ бу могIарера бахархойн. Вуно дукха бу цу бехкенна хенаш тоьхна набахте хьежийнарш а.
Царалахь шаметтиг дIалоцуш бу Iедалан балхахь а болуш,ахчанца гIаттамхошна накъосталла динарш а,шайн даржах пайда а оьцуш,кхечу кепара гIо динарш а.

Иштачех ву кху деношкахь Нохчийчоьнан лакхарчу суьдо арахь яккха кхо шо хан кхайкхийна стандартан а,метрологин а Академин чу а йогIуш, Соьлжа –гIалахь дIатарйинчу филиалан директор Шамилев Iаьлви а.Цуьнга кховдийна бехк ишта бу – тIемалошна ахча дала гIортар.Талламхоша чIагIдарца цо 2011-чу шарахь аьхка Iаьрбийн пачхьалкхе деша воьдучу цхьанга 500 доллар делла,
Нохчийчохь болчу тIемалошна гIоьнна ахча гулдеш болчаьрга дIало аьлла.

Низамхоша бахарехь, цо и ахча дIа а ца луш, шен хьашт-дезаршна доьхкина.И нехан ахча доладаьккхинарг цу шеран гурахь цIа а веъна, тIемалойх дIакхетта. Цул тIаьхьа дукха хан ялале, герз охьа а диллина,шен лаамехь Iедална тIевахна. Цо охьабагарбина бах ахчанца гIаттамхошна гIо деш болу нах.

Цо яьхначу цIерш юкъахь хилла Шамилев Iаьлви цIе а. Ишта нисделла и Iилманан белхо жоьпе озавар. Талламхоша дийцарехь ша динчунна иза дохко а ваьлла,цо буьззина бехк тIе а лаьцна.

Кху шарахь нохчийн Лакхарчу кхелехь дуьххьала листина дац Шамилев Iаьлвинарг санна дов. Кху 2013-чу шеран хьалхарчу, дечиган баттахь,иштта гIаттамхошна ахчанца гIо дарна аьлла, бехк а кховдийна,кхел йина йохка-эцархочунна Шамсаитов Исламна а.

Цуьнан гIодар лач а доцуш,олуш ма-хиллара, карара-кара луш санна, дуьххьала дIа хиларна, Шамсаитовна набахтехь яккха тоьхна кхо шо хан.

Таро йолчара а,цхьацца даржашкахь Iедалан балхахь болчара а герзаца дуьхьало ечарна гIодар кхузахь керла дац. Чоьхьарчу гIуллакхийн министараллехь а, махкахь а йоккха а гIовгIа а яьккхина дийцаре деш лаьттира, 2003-чу шарахь тIемалошна герзаца гIо динчу, Курчалойн кIоштан низамхочун дов.

БархI шарахь Iедалах ведда лелла куьг бехке Ахтаханов Асланбек 2011-чу шарахь гIиргIазойн махкара лаьцна схьа а валийна, луьрчу хьелашкахь яккха, 10 шо ах шо хан а тоьхна, чувоьллина. Дагардан воьлча и санна масалш кIезиг дац.