70-гIа Толаман Де цкъа а ца хиллачу иллюминацешца, тIех еза харжаш еш дIадаьхьна ерриг а Оьрсийчохь. Ткъа Нохчийчоь юха а совъелира кхечу мехкел даздаран кепашца.
9 Май, Нохчийчоь: Тардинарг а, Бакъдерг а
Наггахь бен вац ветеранех дийна. Иштачех цхьаннан кертах у тоьхна Iедало, цуьнан цIе лелайо вехачу урамо а.
Абацаев Нажмудди (Арга-Хишка), иза цкъа а ца вахана Толаман Дийнан параде - васъеш ваьхна ша тIом бечу муьрехь шен къам махкахдаьккхинчу Iедална.
Абацаев Нажмуддин а, цуьнан ден а, девешин а сурт.
Абацаев Нажмуддис цкъа а ца лелийна шен совгIаташ нахана юкъадаьхна.
Путин Владимирера декъалвеш кехат деана деношкахь.
Абацаев Нажмуддин хIусамехь сагIадаьккхира иза Толаман Денца декъалвеш.