Кегийнах луьттуш бу махкарчу кIошташкахь

Your browser doesn’t support HTML5

Шема багах мел яьккхинарг лоцуш ву...

Кху тIаьхьарчу хенахь къардайна хьийзачу ницкъаллин структураша лоьцуш берш Шема пачхьалкхе кхачар стенна дуьйцу, дукхахдолчу декъана цкъа цкъа а доза хадийна махках бевлла нах а бац. Вуьшта аьлча лоьцуш берш бу цига цу хийрачу тIаме мацца а цкъа кховча лаам хилларш.

МогIарерчу бахархоша а даре дарца, Шемахь Iаьрбоша шайлахь бечу тIаме хIитта кечамаш беш хилла кегийрхой лецна Шелковск кIоштехь. Цунах хаам Iорабаьккхина меттигерчу телевизионехь а. Оьрсийчохь талорхойн лоручу ДаIишах дIакхета Iалашо хиллечеран тоба 7 ворхI стагах лаьтташ хилла,коьртехь Умалатов Шамал а волуш боху официалан хьостано. МогIарерчу бахархошна хетарехь лецнарш мел бу а ца хууш бу. Дуьйцуш ю Щелковскера яхархо Луиза.

Луиза: «Билггал мел бу а ца хаьа, леца-м лецна кегий нах. Болх цахилар ду а хаа, дан хIума доцуш бIарзбелла лела а хаац,къарра-м ца ло уьш. Дукха нах сингаттамехь бу-кх».

Цхьаболчарна хетарехь Шелковск,Теркйист кхечу а кIошташкахь дIадехьна лецарш бух болуш дац. Вуьшта аьлча кегийрхой шайлахь и Шемара тIом хьехабар доцург цига кховча ойла кхобуш хилла а бац. Шайн белхан жамIаш бIаьрла гайта доцург кхолла гIерташ бу низамхой бохурш а бу нахалахь. Кхечарна моттарехь кегийрхой лоьцуш «яьккхинчу» тулгIенан бух-орам бозабелла бу жимма хьалхо мехкдас терроран хьокъехь динчу дIахьедарх.

«Дуьненан юкъара терроризм вайн къарйина… Баланаш,сингаттамаш дебош болу зуламхой вайн хIаллакбина дIабаьхна,лецна я эхье бевдда дIабахна. ХIинца уьш юха а кхузахь кегаре IалгIож ян гIерта,амма цунах гIуллакх хир дац,церан аьллар тIедер дац.Нохчийчоь-машаре,токхе,кхуьуш мохк бу. Ишта хир ду даима а.

Кху тIаьхьарчу хенахь тергаллучу хиламаш ма-гайттара самонан ,зерийн болх марсабаккха беза. Кегийрхой харц новкъа ийзо гIерташ беш болу болх орамехь дуьйна сацо беза. Вайн зуламхошна жима а дегайовхо йита ца еза». Герггарчу барамехь ишта дIахьедар дина мехка куьйгалхочо. Цуьнан и къамел нисса дIа,шайн лаамехь кхета а дина, кегийрхой лецарехькарзахбевлла лору бахархоша полицин белхой.

Мухха делахь а, Шелахь герзаца юкъаметтиг къестош, вер-ваккхарш нисделчахьана лехамаш а,лецарш а жигара даьккхина ницкъаллин структурийн декъашхоша. Цу лецаршна нацкъар ца йисна Теркйист кIошт а. Цигахь совцийна кегийрхой а хилла Шемарчу тIаме кховча хьага а хьаьгга Iаш. Цу хьокъехь дуьйцуш ву Сайди цIе йолу вахархо.

Сайди: «ТIамтIе баха дагахь хилла аьлла лецца-кх. Мартана тIера цхьа кIант лаьцна хилла боху,цо дIабийцина боху кхузарнаш. Бакълена а цига баха гIерташ хилла а боху уьш. ХIун хир ду ала хаац. Цкъачунна схьабахкийтина бац,лебеш бу боху».

Юххерчу Малхбалера а,Украинера а тIемаш хьахаделча а, бусалбан дин я махкара хьал дийца даьккхича а,тахана нохчашлахь,ши-кхо стаг бен воцчу пхьоьгIанахь а, шуьйра яьржина, «дIасаца,дош ма хазаде» бохучу маьIнехь,сих-сиха пайдаоьцург цхьа уьшар ю- бетт тIе пIелг биллар.

Вуьшта аьлча, нохчашлахь,вуно дика кхета а луш,карарчу хенахь хаза неха санна карладевлла хIара кицанаш: «Кхийринчун нана йилхина яц», «ТIаьхьа хьаьжний бен дош ма ала,хьалха хьаьжний бен ког ма баккха», «Алале хьо дешан эла ву,аьллачул тIаьхьа -лай». ГIадал гIаддайча вайнехан фольклоран цхьайолу жанраш дагаяр а,уьш карлайовлар а лору цхьаболчар,боккха бацахьа цхьа пайда.