Медведевс Кадыровца йийцаре йина Нохчийчоьнна ен дотацеш

Оьрсийчоьнан министрийн кабинетан пресс-гIоьнчалло ца довзуьйту Медведевца Кадыровн хилла къамел. Амма цхьанакхетар хилла аьлла, сурт даржийна «Газета.Ru» сайто.

Хьалхо «Россия 24» телеканална интервью луш Кадыровс элира ша премьер-министрца Нохчийчоь кхиoрах лаьцна къамелдан воллу аьлла.

Дукхаболучара критика йо Нохчийчоьнна, иза дотацешна тIехь еха, олий, амма чоьте ца оьцу мехкан юьртабахам берриг а бохийна хилар, индустри, социалан инфраструктура денйина яцар, ша иза дийцаредан воллу, бохура Кадыровс.

2017-чу шарна Нохчийчоьнна яла леринчу дотацийн барам бу 40, 4 миллиард сом.