Хьаькамийн кхеташо йоьрзушшехь, лецна царах Кадыровс зуламхойн могIара баьхнарш

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан шен "Хаммер" чохь, Соьлж-ГIала, 28Заз2008

Цкъачуьнна, ткъе иттех даржхо ву балхара дIаваьккхинарг. Царна юккъахь Шелан кIоштара префект Закаев Эдуард а ву. Царна массарна а бехке дуьллуш ду, Iедалан латтанашца бозбуанчаллаш а лелийна, шайна пайда баккхарна. Сел дукха Iедалан белхахой цхьана меттахь дукха гулбаланза Нохчийчохь дукха хан яра.

Соьлж-гIалан юккъехь йолчу Театран гIишло чохь дIаяьхьара иза. Кхайкхина вара цига мел волу юьртда а, мел болчу юьртбахамийн директорш а, кIоштийн администрацийн куьйгалхой а. Самукъадаккха шаьш гулдина доцийла хууш дара гулбеллачарна. И кхеташо йолаелча, республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана къамел дола ма диннехь, царна иза хиира.

Кадыров: «ХIоранна а хууш ду, вай хIунда вовшахкхетта. Суна хазахеташ бахьана а дац вай вовшахкхетар. Амма дуьйцуш дерг хезаш ца хилича, аьлларг деш ца хилича, иза ямарт стаг ву. И тайпа ямарта стаг вайна юккъахь хила везаш вац».

Кхеташонехь билгалаяьккхира, латтанашца бозбуанчаллаш уггаре дукха лелийнарш муьлха кIошташ ю, аьлла. Дийцарехь, Шела а, Хьалха-Мартан а,Теркйистан а кIошташ ю уьш. Ткъа низамаш а дохош, даржхоша дIасадекъна 600 гектар ца кхоччуш латта. Цунах лаьцна хаам бира Iедалехь хаьлхара вице-премьер волчу Даудов Мохьмада.

Ала догIу, цуьнан белхан аппаратана тIехь дара ши шо хьалха дуьйна а латтанаш декъарна терго е, аьлла. Оцу хенан юкъанна, хIинца долчу жамIашца, шена тIера декхар кхочуш дина цо. Суьрташ а ду, хIора бозбуанчаллан тоьшалла деш, даьхна. Хеттарш дукха дара Грозный-кIоштан администрацин куьйгалхочуьнга Жамалдаев Шаиде а. ДIадуьйш, лелош долчу Iедалан латтанашца дерг, ягориг юхкучу станцешкара хьал довзийта , кхийолчу пайда бахьаш йолу гIишлош яр бух бийца аьлча, вукхо хаам бира, церан долахой, лаккхара куьйгалхой бу, аьлла. Амма, республикан куьйгалхочо и бехказло аьттехьа а тIе ца ийцира.

Жамалдаев: «И заправкаш йолуш ю, Рамзан Ахматович, царах сан ян объяснени ю. Уьш вай...".

Кадыров: «Алал тIаккха».

Жамалдаев: «Уьш вай уллера накъостийн ду, тIаккха цара аьлла ца хилча….»

Кадыров: «Собар делахь цкъа! Тхан ворхIа а денда велахь а шуьга телефон тоьхнарг, ас айса ца аьлча, иза соьгара дац шуна. Сан гергарчуьнга шега алийта соьга. ДоттагIа, накъост, ваша,захало, башха а вац. Соьга алийша, хезий шуна массарна а? Уггаре а говза бехказло еш верг, массо а куьйгалхошна, министаршна а юккъахь, Шаид, хьо ву. Цундела, ас дIааьлла долу дош шуна хезна ду, сан ворхIа а деда вагIахь а, Рамзанас ша аьлла дацахь, Сан дуьхьа ахь иза деш делахь, хьайга ас жоп дехийта лууш хьо вацахь, соьга хатта».

Кхеташо дIайоьрззушехь, 30 сов кхеташонехь хилла даржхо дIалецира театрна чулахкабеллачу низамхоша. Уьш Iуьйрана мукъа бехира. Амма хIинца дуьйна дIа церан хьокъехь талламаш болийна ницкъаллийн структураша.

Iуьйрана дуьйна экономикехула йолчу зуламийн полицин декъа хьалхахь дуккха а даржхой бара гулбелла. Цхьацца-шишша чу а воьдуш, лебеш бара уьш.
Шелан кIоштарчу цхьана юьртбахаман куьйгалхочуьнга хаьттира Маршо радионо хуьлуш долчун хьокъехь. Дукха къамел дан йиш яцара телефон схьаэцначу хьаькаман. Шега хIинцца ОБЭПера телефон тоха езаш ю, цундела къамел дан дукха йиш яц шен, элира цо.

Юьртбахаман куьйгалхо: «И.О. (ханна хийрачо куьйгалла дар) тоьхна тхуна. Тхан юьртда дIалаьцна».

Мила-масса стаг билгалвоккхур ву, латтанаш дохкарна бехке ву аьлла, дийца хала ду, амма дукхахболчу тергамхойн шеко яц, и гIуллакх хIинца бен доладелла а ца хиларан. Дийцарехь, герггарчу деношкахь хезар ду, куьйгана цIена боцу нах кхин а лаккхара даржхойх дIалецна аьлла.