"Духаро хуьйцуш хилча дика-м дара..."

Корталех хуьлда иза, никъабах хуьлда иза, я хуьлда хиджабах, политикан тIегIане а доккхий, къамелаш дан долийча тамаше хета, зудчо корта хьулбар а ю-те оццул йоккха проблема, олий. Делахь а, хилла хIинца цунах а дуьненан коьрталазам. Нохчийчохь зударша муха туьду и проблема?

Your browser doesn’t support HTML5

Муха го хиджаб нохчийн зудчунна?

Хиджаб боху дош Iаьрбийн маттера гочдича «дуьхьало» бохучу маьIнехь кхетало. Кхечу агIор аьлча «хиджаб» боху дош коьртера когаш кхаччалц дегI хьулдечу бедарх ала а тарло. И хиджаб бахьанехь юх-юха а марса а буьйлуш, къийсамаш лаьттина школашна гонаха а, лакхарчу доьшийлашкахь а. Леррина хиджабан де билгалдоккхуш, зударий декъал а бан болийна цхьаццанхьа.

Оцу Iаьрбийн духаре хьежар а, и кхетор а ду вайнахалахь бен-башхалла йолуш. Цхьаболучара иза ишта туьду: «Хьалха шайна ма тов синкъерам лоьхуш леллачу зударша, угар хьалха тIедуьйхира и хиджаб олу духар. Уьш шайн тобанаш а кхоьллина, зуькарш дан а буьйлабелира, царна юкъахь хьаьжой а бевлира. Цундела со шеконца хьоьжу оцу духаре. Хьо и тIе а доьхна къовлаяларх «чутоьхнарг» хийцалур юй? И къамел динарг ю ас юьззина цIе ца йоккху Дойкар эвлара яхархо Марет.

Хиджаб тIе мел юьйхина йоI а,зуда а ийманехь,оьздангаллехь совйолуш хилча-м дика ма дара. Тхойца балхахь берш цу духарх хьаьрчинера аьлла хийцабелла шена-м ца хаабелла боху,бIе сов белхан накъост а йолуш цхьана хьукхматехь къахьоьгуш йолчу Асмаа.

Асмаъ: «Дукха бацахь а, тхоьца а бу къовлабелла леларш. Суна цхьа хийцам ца го-кх цаьрца. Хьалхалерранаш бу-кх. Духаро хуьйцуш хилча дика-м дара, тхайнишша-м ца хийцабелла, шаьш берш бу-кх».

Хиджабах а,тахана махкахь тергаллучух а сан мелла шуьйра къамел хилла хьехархочуьнца,нохчийн гIиллакх-Iадаташ дика девзачу Маликица. Шена и хиджаб олу духар юкъадалар новкъа ца хета аьлла долийра цо шен къамел. Делахь а иза а яцара реза,цу корта хьулбечу хIуманах ,лакхарчу тIегIанахь сел деза,доккха дийцарх.

Малика: «Валлай,суна-м хаза хета и духар. Хьалха заманахь автобус тIехь ваоьдуш,йоIа я зудчо,куьг ирх а дахийтина, дIо-о лакхара схьалаьцча цуьнан гай а гора,цIонга а гора, пхьаьрсакIелош а гора. ХIинца цхьа хаза хьаьрчина хуьлу-кх и зударий.Цундела суна тов-кх и духар. КIез-кIез кIезиг кхеташ тйIекхетар ма ду бусалбалла а,оьздангалла а. Цхьана дийнахь ма ца Iемий диканиг. Кхузткъе итт шарахь ма лелла тхо дерзина а девлла».

Марша радио: Нохчий наноша ненананоша хIун лелийна те и хиджаб а йоцуш? Уьш муха лелла техьа? И духар дацара аьлла оьзда боцуш ма ца хилла уьш!

Малика: «Ой, дера ца хилла! Суна сайн нана а дагайогIу. ХIетахь ас ойла кIезиг йора. Шен гIуллакхана ша шен кисин кIайн йовлакх хьаладихкина хилча, кетIахь цхьамма ков тоьхча я мохь тоьхча сихха йовлакх охьадоьхкура нанас. Ас тIаьхьо кхетийра цо лелориг. Ишта и оьздангалла йиттина бацара уьш. Дукха лерина ларлуш лелара. Лелорхьама цара и духар лелош дацахь,мода ю аьлла,сунна хаза хетта хьулбелла лелар»/

Хиджабах а,вайнехан гIиллакхах а дийцинчу Маликина хетарехь,тIекхуьу чкъор кхетош-кхиорехь,шен къоман оьзда ламасташ,синмехаллаш йовзийтарехь хаъал маьIне хир дара,Iаьрбийн духар марздеш,цунна реклама ян гIерташ санна, гIулчаш йохучу хена мукъана а вайнехан духарца зIе ялийча, ишта дегI хьулдеш бедарш къомо дуккха хьалха дуьйна лелийна хилар дIа а хоуьйтуш. Маликас ма-аллара аьлча цкъачунна иза доцуш ду.