Китайно дуьненан копеш еш ю, цхьацца юрт схьа а оьцуш

Китайра Минметалз компанино 940 миллион доллар дайъина Австрера ХIаллштатт-юьртан копи еш. ЮНЕСКО вовшахтохаралло тIаьхьенна ларъеш йолу и юрт хIинца туристашна гур ю Китайн къилбехьа йолчу ХIучжоу-гIалахь.

Китайхойн ХIаллштаттехь килсан цхьамза а, сирла басахь гIишлоша гуо бина майда a, маликийн хIолламаш а ду. Микки Мауссий, Доналд Даккий-м буьйцур бацара.

Ингалс-махкахь йолчу Дорчестеран копи хIоттийна Сичуан-провинцехь йолчу Ченгду-гIалахь 2005-чу шарахь.

ХIара гIала немцойн архитекторш хIоттийна Шанхайн йистехь. Ма-гарра, Герман-пачхьалкхехь йолуш санна ю и, амма цигахь Iаш кIезга нах болчух тера ду.

Темза-таун ю хIокхуьнан цIе, иза а ю Шанхайн йистехь йиллина. Ингалс-махкахь йолчу Бристолан а, Бирмингам-гIалин а сибат ду, боху, кхуьнан.

Темза-таунехь 66 метр лекха килс ю, Бристолера кафедрал-килсах тера йогIуш.

Темза-таунера цIенош сихха дIаийцира, и 2006-чу шарахь схьайиллича, амма уьш эцнарш дукхачу декъана инвесторш бара. КIезга долахой бу цу гIалахь Iаш.

Харбинехь йолчу гIазкхийн килса уллехь кхокхарчий дузош ду ду стага. Леррина дозанал дехьара туристийн дуьхьа "ГIазкхийн юрт" схьайиллина Харбин-гIалин дайша.