Маршо радионо хIокху кIирнахь дийцаре диллинчу хаттарна дахкийтина жоьпаш.
Шуна хIун аьлла хета, стенца доьзна ду хьаькхна буц оьрсийн байракхна юкъахь дехьайоккхуш оьрсийн журналисто Нохчийчохь кино яккхар? Леррина кечдина питана ду я, оццул тидам тIебахийттал доккха хIума дац?
ЛадогIархой ах декъе бекъабеллера – цхьана эхана и гIуллакх оццул дийца хьакъ доцу, пайда боцу хIума хета.
Вукху эхана иза Оьрсийчохь кечдина питана хета, юх-юха а нохчийн къам бехке дан бахьана доккхуш.
Оьрсаша шайн байракх оццул лоруш хилча, шаьш гайта беза цуьнга ларам аьлла хетачех ву Нохчийчура Сулейман.
Your browser doesn’t support HTML5
Нагахь и питана делахь, лаам хилчхьана, атта къасталур долуш ду боху Ризвана.
Your browser doesn’t support HTML5
Питана а доцуш, боккъалла а нохчийн зударша оьрсийн байракхна юкъахь буц дIакхоьхьуш хиллехь, оьрсийн журналисто ша и байракх лара лерина, схьаэца езара элира ИбраьхIима:
Your browser doesn’t support HTML5
Изза ойла йолуш Нохчийчура Хьамзат а ву.
Your browser doesn’t support HTML5
Маршо радион сайта тIехь хIоттийначу хаттарехь дакъа лаьцначу 11% ца кхоччуш нахана, оьрсийн байракх, къоман байракх санна лара еза аьлла хета. 3,5% сов нахана хетарехь, хийрачу пачхьалкхан байракх ю иза. 3,6% процент нахана бен а яц оьрсийн байракх. Ткъа 82% сов нохчаша, оьрсийн байракх – мостагIчуьнан байракх лерина.