"Дийнна халкъ тахана а паргIат шен цIахь даха йиш йолуш дац": цIерабаьхначийн тIаьхьено дуьйцу Сталинан депортацих

Гайтаман сурт

1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь йолийра "Чечевица" олу операци- Йуккъерчу Ази дIахьажийра бIе эзарнашкахь нохчий а, гIалгIай а. Масех дийнахь вовшахтоьхна Казахстане дIакхалхийра 400 эзар гергга стаг.

Къам махках доккхучу дийнан тешаш хиллачу наха тоххара школашкахь дешархошна дуьйцура чиллан-беттан 23-чохь хиллачух лаьцна, массо а барамашкахь дагалоьцура нах цIерабохучу хенахь хIаллакхилларш. Ткъа таханлерачу нохчийн Ӏедалшна гӀоле хета и бохаме терахь ца хьахор – цу хьокъехь наггахь бен ца хуьлу публикацеш а, КадыровгӀеран доьзал ца хьахош ца йуьсу. Официалан дагалецаман и де стигалкъекъа-батте дехьадаьккхина, республикан хилла президент Кадыров Ахьмад дӀакхалхарца цхьаьнадогӀуш дIанисдеш.

Оцу хьелашкахь къам махкахдаккхарх лаьцна иэс лардалур дуй? Тхан сайто къамел дира Нохчийчуьра бахархошца, царех цхьаберш дозанал арахьа дуьненчу бевлла, эмиграцехь кхиъна бу.

Мухьаммад, 18 шо. Франци

– Сан шийтта шо дара, сан дас дуьххьара депортацих лаьцна суна дуьйцучу заманчохь. Со Европехь вина ву, меттигерчу школехь дешна аса, цу хенахь суна хIуммаъ а хууш дацара цу терахьах лаьцна. Сан дас дийцира суна тхан дайша лайначух: махкахбахарх, стенга буьгу а ца хоуьйтуш, цара арабаьккхинчу шийлачу некъах, даймахкана генахь йаьккхина хан а. Шена а, шен дас-нанас а, дедас-денанас а дийцинарг дара цо суна довзуьйтург а.

ХIетахь дуьйна и терахь чIогIа мехала ду суна. ХIора чиллан-беттан 23-чохь тхан доьзало сагIина жижиг а, марзолгаш а йоькъу, гIо до гIелехь бохкучу нахана. СагIа даккхар ду и, тахана дийна боцучарна тIера, и бала лайначу сан дедеден а, ден дененан а сиэ кхачийта.

Сан дегахула кхаьчна соьга и иэс, суна хаьа, и ламаст йукъах ца доккхуш, ас а дIалелор дуйла. Аса а лорур ду и де, сайн берашка а дIакхачор ду, царна а хаийта тхешан халкъаца Iоттаделларг, цхьана а кепара бехк а боцуш, Сталина шайн дай баьхначу латтанаш тIера арабаьхначу нахах лаьцна.

Со воккха мел хуьлу, дас дуьйцура суна Ичкерих лаьцна а, Нохчийчохь ши тIом латтарх а. И дерриге а – тхан историн цхьа дакъа ду. И лазам, со даймахкана генахь дуьненчу ваьллехь а, и дерриге а суна чухула чекхдолуш ду.

Халид, 18 шо. Австри

– Со Австрихь вина ву, со хилла вац цкъа а дай баьхначу махкахь, амма хIетте а суна чохь деха сан дай баьхна латта. Депортацих лаьцна а хууш ду суна, суна суо дага мел вогIу, тхан чохь цунах лаьцна дуьйцуш ду. Оцу денна леринчу барамашкахь дакъалоцуш хилла ву со, немцойн маттахь кхечарна а цунах лаьцна дIахаийта, барамашкахь къамелаш дина а ву со.

Халидан денана йу тIехьа аьтту агIор лаьттарг. Казахстан, Джамбул. 1956 шо

Суна хууш ду, сан денана кхо бутт болуш жима бер хилла къам цIера дохочу хенахь. Сан денда хилла ву депортаци йинчу нахалахь, ткъа церан да а, нана а Сибрехахь кхелхина мацаллех а, цамгарех а. 13 шо аренца даьккхинчул тIаьхьа, кхин болу нах а санна, цIехьабирзина хилла уьш а.

Ахмаева Саида, 35 шо. Германи

Ахмаева Саида

– Махках йоккхучу хенахь 22 шо долуш хиллачу сан ненан ненах лаьцна книга йазъйеш йу со. Цкъачунна цуьнан дагалецамаш а, кхечу тешийн дийцарш а схьагулдина аса.

Бабин диъ бер хилла: ши кӀант а, ши йоӀ а, жимахдолчу беран кхо бутт бара. "Чечевица" операци дӀайолаелира Ӏуьйранна 2 сахьт даьлча. Баба ларийнера берашна тIе хIума йуха, ткъа ша басми кучаца йисина хиллера иза, кога мача йуха а ца кхиош. "Бандитан" хIусамнана йу аьлла, шеца хӀумма а схьаэца бакъо йелла ца хиллера цунна. Дада обаргашца лаьмнашкахь лечкъина вара, Советан Iедална дуьхьал агитаци лелийна аьлла, бехк боцуш, бехкевинера иза. Цуьнан вежаршна тоьпаш тоьхнера, жимахверг дийна витинера.

ЧIогIа ницкъ хуьлу, дийнна халкъ паргIат шен цIахь даха йиш цахиларна

Лекхачу лаьмнашкарчу эвлара нах гIаш лаьхкина станци йолчухьа дIабигинера. Баба шен берашца дIакъастийна хиллера сила долчу халкъана йукъара. Нах кхетта хиллера, цунна а тоьпаш тоха дагахь бу аьлла. Цхьана агIор аьтто баьлла хиллера церан, иза шайх схьатоха. Станцихь хьайба дIасалело цIерпошт хиллера цаьрга хьоьжуш. Адам латтош хиллера гIорийначу арахь. Баба лаьтта охьахиънера, шен бераш шен дегIан йовхонца дохдан дагахь, шена тIе а хийжош. Кхоноле вагонаш чу ховша аьлла, омра дича, баба лаьттара хьала гIатталуш ца хиллера, гIорийна.

Цуьнан гергарнаш оццу цӀерпошта тӀе балийна хиллера; цара гӀо дира цунна хьалагIоттуш, ишта цхьана нисбеллера уьш.

Новкъахь дуккха а белла хиллера мацалла а, гӀорасизалла а. Божарий а, зударий а леш бара бохура, ахкаргаш лелхаш. Нишка баха меттиг йоцуш, са диттина, нахана йукъахь шайн гIуллакх дан ийзалуш, леш хиллера уьш.

Велларг дӀаволла а ца вуьтура; уьш машенаш чуьра аракхуьсура. Нагахь санна цIерпошт сецначу метигехь цхьаъ йухаван ца кхиавахь, цунна герз тухура бохура.

Баба шен гергарчу нахаца цхьаьна Казахстанера цхьана жимачу эвла йалийнера. Оцу буьйсанна цуьнан кхо бутт болу йоI йелла хиллера, дукха ницкъ хилла. Бабин да-нана а ледарчу хьолехь хиллера, тIаккха жимахволу ваша а эцна, и шен йелла йоI дIайолла йахана хиллера иза ша. Цу кешнашкахь кхин цхьа зуда а дIайуллуш гинера цунна, оцу буса кхелхина хиллера иза а. Шен йоI цунна улло дIайоьллинера бабас. Цул тIаьхьа цхьацца леш, важа бераш а делла хилла чохь лазарх.

Казахстане вахана, баба каро ницкъ тоьънера дадин. Цхьа шо даьлча лецира иза. Набахтехь чIогIа дукха къизаллаш лайна хилла цо, "тIулген гали" олучу кепехь ницкъ а бинера. И бохург хIун хиллера аьлча, гIийла серло хаайолуьйтуш, готтачу тIулгийн йуккъе а воьллина, тIехула цхьана метте Iенаш шийла хи хиллера.

Цхьа шо набахтехь даьккхинчул тIаьхьа Норильске дIавахийтинера иза, лагере. Тутмакхаш готтачу камери чу а лаьхкина, охьахаа а, йа чомахь латта а меттиг йоцуш, хан йаккхийтинера цаьрга. Пхеа дийнахь хи доцург, луш йуург а йоцуш латтийнера уьш. Цул тIаьхьа дуьра чIерий чохь долу шелиг чухаьхкинера кхарна. Адам мацаллина оцу шелигна тIелетта хиллера. Дада кхеттера, кхин дIа хиндолчух, цо ца биънера чIара. Шелиг йуха араэцча, кхин хи делла ца хиллера царна. Денна бохург санна масех дакъа арадоккхуш хиллера камери чуьра. Дада а, цо чIара ца баийтина цхьа жимстаг а дийна висина хиллера.

Чиллан-беттан 23-чу дийно йоккха меттиг дIалоцу сан дахарехь. Со кхиъна йу бабин дийцарш тIехь, цо дийцина суна тхан къомо лайначу жоьжахатих.

И дагалецамаш дукха лерина ларбеш бу тхан доьзалехь, тIаьхьарчу тIаьхьене дIа а луш. Йа Нохчийчохь а, йа ГIалгIайчохь а цхьа доьзал хир бац и бохам хьакхабаланза. Тхан декхар ду- хIара дийцарш а, хIара зама а дагахь латтор.

Ипаев Iела, 16 шо. Австри

Ипаев Iела

– Со Европехь кхиъна ву. Сан ворхI шо долуш, дуьххьара дакъалецира аса депортацина леринчу барамехь. Сцени тIехь байт йийшира аса. ХIинца сан йалхийтта шо ду, тахана а дагахь лаьтта суна и байт ша ма йарра.

ХIетахь дуьйна хIоразза а дакъалоцу аса, байташ йоьшу, патриотикан иллеш олу немцойн маттахь, сайн нийсархошка дуьйцу аса чиллан-беттан 23-чу дийнахь хиллачух лаьцна.

Стохка Страсбурге вахара со, цигахь Европан парламентан гIишло хьалха дакъалецира аса къам махках даьккхина 81 шо кхачарна леринчу. Тхо дукха дара цигахь, йоллу Европера аьлча санна, гулделла адам. Маьршачу Ичкерин йоккха байракх йара оха хьош. Суна гора, ур-атталла Францихь, Австрихь кхиъна шаьш доллушехь, оцу наха кIорггера оцу бохамна сагатдеш хиларх.

Кху шарахь а Страсбургехь дуккха а нохчий а, гIалгIай а вовшахтухуш, цхьа барам дIабахьа дагахь дара тхо. Амма цхьацца бахьанашца цунах гIуллакх ца хилира, цундела сацам бира Германихь а, Венехь а, кхечу гIаланашкахь а уьш хIиттон.

Аса дукха къамелаш до баккхийчаьрца. Депортаци лайна, йа къам махках даьккхинчу шерашкахь цигахь бина, ши тIом лайна нах бу уьш. Тахана, со а санна, даймахкана гена бевлла уьш. ЧIогIа хала ду, дийнна къам тахана а шайн махкахь даха йиш йац бохучун ола йан.

Ахьмад, 18 шо. Швеци

– Суна чиллан-беттан 23-гIа де- иэсан де а, цхьа тийналлин а де ду.

Сан ден денанас дуьйцура дегIах чекхйуьйлучу шелонах а, некъан бохалла шайгахь хиллачу кхерамах а, эшамех а, мацаллех, хьогаллех а. Цо дуьйцура, оцу тишачу хьелашкахь шаьш доллушехь, йахь дIа ца йаларх, Делах шаьш тешаш хиларо шайгахь латтош хиллачу ницкъах а. ХIара дийцарш суна дайшкара схьадеана ца Iаш, суо а цигахь хилла, айса а лайча санна хетало суна.

Со теша, тхуна, къоначу чкъурана тIехь хиларх, хIар иэс дагахьлаттор. Тхешан истори Iалашйойла ду оха, нагахь санна, и дагахь латтадахь, баккхийчьарга ладугIуш хилахь, тхешан ненан маттахь къамел дахь, тхешан ламасташ лардахь, ларахь.

Раяна, 30 шо. Германи

– Тахана интернетехь дуккха а информаци карайойла ду цу заманах лаьцна. Сан хенарчу нехан оццул таронаш йацара, амма оха ладоьгIура тхешан дедайшка, денаношка, оцу Iаламате денойн тешаш хилла болчу.

Хетарехь, и хила тарло тхан синошна уггаре а кӀорггера, лазаме лар йитинарг, оцу гӀайгӀанечу терахьца доьзна тхо хиларна.

Тхешан гергарчех болу дагалецамаш, истори, культурин тӀаьхье тхан доьзалехь Iалашбеш бу, хIунда аьлча, бераллехь уьш тхайна чуэцна дела. Тхан баккхий нах дийна болчу хенахь саццанза дуьйцура цара махкахбахарх лаьцна. Селхана и хилча санна, дерриг а дика дага а догIуш, дуьйцура. Тахана, оцу хьокъехь, гӀуллакх мелла а кхечу кепара ду; таханлерчу берашна хезаш дерг цхьана хенахь тхан дас-нанас тхоьга дийцина, тахана оха цаьрга йухадуьйцург ду. Оха санна лазамца тIе ца оьцуш хила а тарло цара.

Со саготта йу, цу хенахь баьхна нах леш мел бу, вайна цу бохаман синхаам кIорггера сингаттамца а, бохамца а хаалучуьра дIабаларна. Муха латтор йу тIаккха тӀекхуьучу чкъуро шайн даймахкаца а, шайн халкъан историца а йолу зӀе? Уггаре а коьртаниг шайн ненан мотт Ӏамор ду аьлла хета суна. Цундела хила тарло, махках даьхначул тIаьхьа дуккха а шерашкахь вешан мотт Iамо аьттонах вай дохийна латтийна.

Сулейманова Фатима, 28 шо. Франци

Сулейманова Фатима

– Сан ненан ненада нацистийн Германина дуьхьал тIом бан кхайкхинера 1942-чу шарахь. Советан эскарера дIавала цунна 1947-чу гарахь пурба деллачул тIаьхьа, тIаккха Казахстане дIаваха дийзира цуьнан. Цхьана нохчийн доьзална тIенисвелла хиллера иза, лаьттах тоьла а йаьккхина, цу чохь Iаш болчу. Адам мацаллина леш дара. Сан ден дедас меттигерчу казахашка газа йехна хиллера, тIаккха цунах чорпа а йина, массо а вузийнера. Масех баттахь церан дола деш хиллера цо, царна гIоле хиллалц. ТIаьхьо хиънера цунна, шен хIусамнана а, ши бер а некъаца деллийла.

Ха дечу наха белларш дIабухкуьйтуш ца хиллера: цIерпошт цхьана йоццачу ханна сацайора, бохура, тхан ден деден хIусамненан а, берийн декъий лайлахь дитина хиллера. И де шайн бIаьргашна гинчу наха дийцарехь, уьш дIакхачочу меттиге кхаччалц некъан бохалла декъех йоьттина хиллера. Цхьа хан йаьлча сан ден дедена йевзина хиллера сан ден денана, жима ши бер карахь а долуш, йисина Iаш хиллера иза, казахийн аренашкахь халла хене а йуьйлуш. Шен бераш санна хьалакхиина хиллера цо цуьнан ши доьзалхо а. 1949-чу шарахь дуьненчу ваьлла хилла сан денда, къам цIера дIадуьгучу заманчохь шен кхелхинчу кIентан цIе тиллина хилла цунна тхан ден дедас.

Сан ден денана йина 1947-чу шеран товбеца-беттан 2-чохь ГӀиргӀизойчохь Беловодское цIе йолчу юьртахь, махкахбаьхначу хенахь. 1956-чу шарахь нохчашна Нохчийчу йухаберза бакъо йелча, цуьнан исс шо дара, цо дагалоьцу, бакъо йелча, халкъ сел самукъадаьлла, даьхний дIасалелочу вагонаш тӀехь а ур-атталла шайн даймахка баха реза хиллера бохуш. ВорхӀ дийнахь некъ бина хиллера цара. Эххар а цӀерпошт цӀа кхаьчча, вагонаш чуьра баккхий нах аралелха бохура. Самукъадаларан Ӏаьнарехь, лаьтта охьа а бетталуш, белха а боьлхуш, убанаш йоху бохура лаьттах: "Дала йахайе хьо, Нохчийчоь!" бохуш.

Сан дедас дош делла хилла сан ненан нанна, ша цхьана дийнахь иза йиначу Беловодское йуьгур йу аьлла, амма Нохчийчохь хьалхара тӀом боьдуш кхелхира иза. 2024-чу шеран гурахь Парижехь суна а, сан дена а йевзира Нохчийчоьнца йоьзна проекташ тӀехь болх беш йолу Америкера ши зуда. Оха шайга и дийцар дийцича, сан бабин дуьхьа Беловодское шаьшиъ гIур йу элира цу шиммо. 2024-чу шеран аьхка цигахь хиллера и шиъ, цигахь даьхна суьрташ а, видеош а йахкийтира тхуна. Оцу Америкерчу зударша сан ден ненан лаам кхочушбира.

Нохчийн къам махкахдаккхар ас геноцид санна лору. И бохаме хиламаш къобал ца бина, йемал ца бина, кхачам боллуш компенсаци ца йелла ца Ӏаш, цара ирча тӀаьхьалонаш а йитира: 1990-2000-чу шерашкахь хилла боккха ши тӀом а, хӀинцалера оккупаци а. Оцу контекстехь нохчийн халкъан маршоне гIертар, шаьш Iалашдан хьийзар санна лара деза.

Цундела суна мехала дара, дерриг а дуьненна и хӀума довзийтар а, хилларг къобалдар а, йемалдар а, иза йуха ца хилийтар а. Стохка чиллан-баттахь Парижерчу Бастилин майданахь, Украинана гӀортор йеш хӀора шарахь дӀахьочу митинге баьхкинчу дуккха а нахана хьалха, ас къамел дира 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чу дийнахь хиллачу хиламех лаьцна. Ткъа кху шарахь, чиллан-беттан 3-чу дийнахь, Брюсселера Европарламентехь оцу денна лерина барам а дIабаьхьира, аса вовшахтоьхна.

Iайшат, 23 шо. Бельги

– Жимчохь дуьйна гуш дара суна, чиллан-беттан 23-чохь бабин хийцайалар- ойланашка йоьдий, оцу дийне йухайахча санна таьIна хуьлура иза.

Кхечу заманахь, кхечу махкахь йехаш йу со, амма сан доьзалан историца дӀадаханчу заманца зӀе хаало суна. Цкъацкъа кегийра деталаш хуьлу уьш: некъан дагалецамаш, вовшашлахь тӀаьххьара бепиг декъар, вовшашна гӀортор йар. И ойланаш къаьсттина дагах хьакхалуш йу.

Вайн тӀаьхьено хIара дагалецамаш ларбийр бу аьлла хета суна, нагахь санна вай баккхийчаьрга ла а доьгӀуш, вай схьадевллачу орамех эхь а хеташ, уьш хилахь. ДӀадахначух лаьцна диллина дуьйцийла йу вайн, мотт Iамо йиш йу, ламасташ довза, царех лаьцна доттагIашна а, хиндолчу берашна а дийца таро йу.

Салман, 30 шо. Канада

– Баланаш а, эшамаш а дуьхьал а Iиттабелла тхо кхета дуьйладелла, дахар ангали санна хIума хиларх а, гергара нах мел хьоме бу а. Цхьа а меттиг дага ца богӀу суна, махкахбаьхначу хенахь цхьаммо шен йа шен доьзалан бен гӀайгӀа ца беш хилла. Иштта дуьйцура махкахбаьхначу хьалхарчу шарахь шен дуккха а гергарнаш дӀабоьхкинчу сан деннанас. Масала, тхо цӀадирзинчул тӀаьхьа, тхан лулахой хилира махкахбаьхначу хенахь сан бабин гергарлонаш тасаделла хилла доьзал. Шаьш цӀадирзича, цхьана меттехь дӀатарбала сацам бинера цара.

Суо бер долчу хенахь дуьйна ас ладийгIина оцу дийцаршка, ша ирча туьйранашка санна, цара шайггара дуьйцуш дац-те бохуш, ойла а йеш. ТховтIехь текхаргаш йолчу колхозера кошарашкахь дIатарбеш хиллера нах; хIоаш кхехкадо бохуш, мацаллина доьлху бераш Iехош, кхехкийна тIулгаш а; столови чуьра картолгийн чкъор лачкъийна аьлла, дина луьра таIзар а.

ХӀинца вайн тхешан геноцидах лаьцна дуккха а бакъдерш девзина суна, тӀекхуьучу чкъурана оцу зерех лаьцна карладахар мехала лору ас. Йаханчу заманахь хилларг хууш дацахь, вайга хьакъйолу кхане кхоллалур йац. Вайн ненан мотт Ӏамор мехала ду аьлла хета суна, вай миччахь делахь а. Суна кест-кеста хезара баккхийчаьргара, махкахбаьхначу хенахь историн а, исбаьхьаллин а мехалла йолу книгаш, документаш дагийра, царех тесначу цӀерах масех деношкахь кӀур ихира бохуш. И бохург ду, царна дерриг а халкъ хIаллакдина ца Ӏаш, церан истори а, культурин тӀаьхье а хӀаллакъйан лууш хилла бохург.

Тахана вайна йукъахь, къам дохочу хенахь, бала хьегнехь а, эшамаш хиллехь а, культурин а, синан а тIаьхьенан цхьа дакъа мукъна а кIелхьарадаккха аьтто хиллехь, вайх къам ала йиш йара вайн. Цундела деза вай тIекхуьучу къоначу тIаьхьенна вешан мотт а, истори а Iамо.

Цхьана шарахь, марха достучу деношкахь цIа ваханера со. Цу дезачу дийнахь массо а вовшашка хьошалгӀа воьду, цундела лулахойн марха къобал дан чу ваханера со. Цхьа воккха стаг вара цаьргахь хиъна Ӏаш, цо хаьттира со мила ву аьлла. Вайн Ӏадатехь ма-хиллара, хӀусаман долахочо сан денда, деден, ден, дай баьхначу йуьртан а цхьаьна цIераш йехира. Воккхачу стага, бӀаьргех хи а долуш, соьга хьаьжна, элира: "Дозалла де хьайн дедех! Цу февраль баттахь, ло гӀодаюкъ тӀе кхаччалц, мохаш цкъа а ца соцуш йолчу цхьана аренгахь нисделлера тхо. Хьан деда балха хӀоьттинера, ахбепиг лора цунна.. Цу бепиган цхьа дакъа сан нанна а, цомгаш Iуьллучу шен лулахочунна а дIалора цо. Халачу баланаша адам хуьйцу, амма тхо ца хийцира, дог тешна ву со, хьо хьайн деден хила ма-веззара кIентан кIант ву аьлла…"

Сталинан депортацеш хьакхайелира иттаннашкахь эзарнаш адамех. Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан Къилба а дуккха а къаьмнаша лайна Советан пачхьалкхан таIзаран политика- иттаннаш эзарнаш адамаш нуьцкъала арадаьхнера шайн даймахкара. Депортацин лазам тӀаьхьенашкахь бехаш бу, Ӏедалша и эхье историн агӀонаш дӀайайъа гӀерташшехь.

  • Советан заманахь депортаци йира итт къомана – корейцашна, немцашна, финнашна- ингерманландцашна, ГIирмин гIезалошна, балкхаройшна, кхарачошна, гIалмакхошна, нохчашна, гIалгIашна, туркашна-месхетинцашна. Царех ворхI – немцой, кхарачой, гIалмакхой, гIалгIай, нохчий, балкхарой, ГIирмин гIезалой – оцу юкъанна бехира шайн къоман автономих а. "Репрессеш йинчу нахана реабилитаци яр" аьлла низам тIеийцира СССР-н тIаьххьарчу 1991-чу шарахь. 2004-чу шарахь Европан парламенто геноцид йу аьлла, къобалдира халкъаш махкахдахар.
  • ТIаьхьарчу тIаьхьенашна а дагахь лаьтта бохам бу – нохчий а, гIалгIай а махках бахар. 82 шо хьалха Сталинан омраца бIеннашкахь эзарнаш нах дай баьхначу латтанашкара лаьхкира: иттаннашкахь эзарнаш царех хIаллакхилира хийрачу мехкашкахь. "Чечевица" операци – вайнехан лазам бу. Шо шаре мел долу жимлуш бу цуьнан тешаш. 2014-чу шарахь фотожурналисто Беляков Дмитрийс берзийра шен "Зераш" проектана тIехь бен болх. Репрессеш лайначийн суьрташ тIехь а, дицарш тIехь а хIоттийнера цо и. Маршо Радионо зорбане доху историн и маьIне долу тоьшаллаш.
  • 2022-чу шеран ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана йина геноцид" йемалйеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь.