ДоьазлагIа Нохчийчоьнан куьйгалле веанчу Кадыровс, чIагIо йина "адамийн бакъонаш Iалашъян"

Кадыров Рамзан

ДоьалгIа Нохчийчоьнан урхалле кхаьчна Кадыров Рамзан. ЧIагIо ечу хенахь цо дуй биъна "адаман а, вахархочун а бакъонаш а, маршо а Iалашйийр ю, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Конституци ларъйийр ю, дуккха а къаьмнийн пачхьалкхана тешаме хир ву" ша аьлла. ЧIагIо йина Кадыровс оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь. Инаугураци "нисъеллера" цуьнан винчу денца.

  • Гезгамашин-беттан 17-19-чохь хIиттийначу мехкан урхалхочун харжамашкахь, официалан зерашца, 99,97% кхаьжнаш кхаьчна цунна 94,42 процент харжамхошкара.
  • 2007-чу шарера схьа дуьйна ву Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан урхаллехь, оцу даржехь къобалвина иза хIинца доьалгIа. Билгалъяьккхину заманчохь Оьрсийчуьрчу а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу а, Евробертан пачхьалкхашкарчу а бакъонашларъярхоша масийттазза дIахьедира регионерчу адамийн бакъонашца ледара долчу хьолах. Кхел йоцуш Нохчийчохь бойъучу нахах а, ЛГБТ-н векалшна тIаьхьабевлла леларх а хаамаш Iорабуьйлура. Кадыровс а, цуьнан гоно а дохку бехкаш тIе ца дуьту.