Царнаев ЖовхIар а, цуьнан гергарнаш а

  Царнаев ЖовхIар бехкевеш даржийра хIара сурт Цхьанатоьхначу Штатийн юстицин Бостонерчу урхалло.
 

Царнаев Тамерлан (юккъераниг) шен деца Анзорца а, ненаца Зубайдатца а, гергарчу Сулейманов Мухьаммадца а (аьрру агIор) ХIинжа-ГIалахь, Дагестан.

 

ЦарнаевгIеран ненайиша Сулейманова ПетIамат ю ХIинжа-ГIаларчу шен цIахь гергарчийн сурташка хьожуш. 

 

Тамерлан а (лакхахь, юккъехь), ЖовхIар а (лахахь, юккъехь) шайн йижаршца ГIиргIазойчохь.

 

Царнаев ЖовхIар шен доттагIашца, студенташца-казахашца, Тажаяков Азаматца а, Кадырбаев Диасца а Нью-Йоркехь. И шиъ а ву Бостонерчу лелхийтарех долу дов толлуш новкъарлоярна лаьцна. Церан кхел а хила тарло кхушара.

 

Солт-Лейк-Сити гIалахь (Юта штат) летта а ваьлла, кхелан сацаме ладоьгIуш лаьтта боксер Царнаев Тамерлан, 2009 шо.

Царнаев ЖовхIар Кембриджехь, Массачусет штатехь, шен цIахь.

 

Бостонерчу марафонехь лехийтарш хила бутт буьсуш, Тамерлан а ЖовхIар а Нью-Гемпширехь (видео).
 
 

Бостонехь эккхийтар хуьлучу дийнахь (Охан-беттан 15-гIа де, 2013) Тамерлан а, ЖовхIар а. Сурт, цара зулам динийла тешош, довзийтина талламчаша.

 

Тергоечу камеран сурт, Царнаев ЖовхIар бехкевеш далийна тоьшалла.

 

Снайперо тIехьажийна топ а йолуш, Iедалан каравоьдуш ву Царнаев ЖовхIар Охан-беттан 19-чохь, 2013.

 

 Уотертаунехь, Массачусетс штат, ЖовхIар бухалечкъина хиллачу хинкемана кIел карийра герзо Iуьрг даьккхина, тIехь цIийш долу кехатан цуьрг.

 

ЦарнаевгIеран нанна Зубайдатна тIаьхьабоьлху  журналисташ. ХIинжа-ГIала, 2013-чу шеран Охан-бутт.

 

ЦарнаевгIеран йиша Айлина, Нью-Йорк, 2014 шо, ГIуран-бутт.

Царнаев ЖовхIар. Кхело бехк тIехьочу муьрехь, 2015 шо, Охан-беттан 8-гIа де. 
 

Бостонехь 2013-чу шарахь лелхийтарш кечдарна а, кхочушдарна а бехкевина Царнаев ЖовхIар. 2002-чу шарахь Iаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка нохчочо бина беха некъ кхачабо оцу вердикто.