Iид-ал-АдхIа - ГIурбан Де

УьстагIий ГIурбанна ден кечлуш бу бусулбанаш Астана-шахьаран йистошца, Kазахстан.

ГIурба деле доIадеш ву астанахой, Казахстан.

ГIурбанна даьхний духкуш-оьцуш бу нах Гератерчу базарахь, ОвхIанистан.

Эцархой ларбеш, ша йохка ялийна газа сецайо Газни-кIоштахь овхIанхочо.


Машен тIе йоккхуш ю Эр-Риядерчу базарахь ГIурбанна эцна эмкал, СаIудан Iарави.


Фейслабадерчу базарахула дIасалела, эцархо валаре сатуьйсуш, эмкалш йохка баьхкина бахархой, Пакистан.

Бежаний дохка веъна лаьтта Кветтера вахархо, Пакистан. 

ТIемаш лаьттачу Алеппо-гIалахь а хIоьттина ГIурбанна даьхний духкуш базар, Шема.


ГIурбанна Диял-гIаларчу базарахь уьстагIий хоржуш бу бахархой, Иракъ.