"Экстремисташ" набахте хьийсабо Дагестанехь

Вконтакте социалан машанахь «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан байракх гойту видео яржорна, Хасав-Юртан кхело 15 де-буьйса тоьхна меттигерчу вахархочунна.

Иштта «Кавказан узел» агенталло яздарехь, Кизил кIоштарчу кхело оршотдийнахь ши шо набахтехь яккха хан тоьхна кхечу жимстагна, социалан машанашкахь экстремизмалле материалш яржорна.