Дуьненан экологи телхаш хилар дийцаре дина Парижехь

Туристийн Ялсамане олуш йолу Мальдиван гIайренаш, кху бIешарахь латтан т1ера дIаяла мегаш ю, нагахь санна ХIурдан хинан барам лакхабалахь. 1200 гIайренах хIоьттина йолу и меттиг, 2 метар бен хиналла лекха яц.
Мальдивийн Iедалша 2008 шарахь дIакхайкхинера, кхечу пачхьалкхашкахь, нах дехьабаха, шаьш латтанаш оьцуш ду аьлла.

 Австралера хина бухура яьккхий тархаш 70-чу шерашкахь дуьйна хийцалуш ю. 2050 шо тIекхачале, уьш ца евзачу агIора хийцаяла мегаш ю, бохуш чIагIдо хIурдан Iаламан профессора Сейл Питера.
И экаме а, шатайпа йолу экосистема хIаллак хуьлуш хилар бахьан-климат йохъялар а, хиш бехдалар а ду.
 
 
 
 

Дуьненахь евзаш йолу италхойн гIала-Венеци-бIешерашкахь къийсам латтош ю хитIедаларца. Амма, и бала дIаболуш бац цигахь.

ГIала хIаллак хуьлучуьра кIелхьарайоккхура ю, «хIурдан кевнаш» олучу проекто. Амма, миллиардашкахь мах болу и болх, йиллинчу хеналла, меллаш беш бу.
 


 

Дуьне дохлуш хилча а, лаьмнашна х1умма а хира дац. Амма, церан сибат хийцалура ду-лаьмнийн баххьашкахь, луонан куьйнаш даша мега.
Килиманджаро-Африкера уггаре а лекха лам бу. БIе шарахь 85 процент ша бешна цуьнан буьххьера. Ткъа, бухабиснарг 2020 шо тIекхачале дIабала мега, бохуш дуьйцуш ду NASA-с дечу дIахьедаршца.

Оьрсийчоьнан уггаре а лекха лоручу Эльбрус лома буьххьера ша 50 шарахь кIезгабелла 40 процентан.

Альпашкахь а хIора шарахь 3 процент ша бешаш бу. 2050 шо тIекхачале, мел болу луонан куьйнаш цу тIера дIадевра ду боху эксперташ.
 
 

«Белла х1урд бала мега»-и дешнаш коьртехь а долуш артикалш язйина дуьненера хаамийн г1ирсаша. Цара дуьйцу оцу исбаьхьа 1оман чолхечу хьолах.

Белла х1урд, 430 метар лоха бу, х1урдан сизаналла. Х1ора шарахь и зил лахболу кхиъ цхьана метарна. Т1аьхьарчу 40 шарахь, оцу 1оман барам лахбелла кхаа декъан.

1илманчас Бромберг Гидона ч1аг1дарехь, цуьнан бахьан ду, израилан а, урдан а компанеш цу 1ома чуьра маь1дан минералаш доккхуш а, Урдан хи к1езга чудог1уш хилар а.