"ФСБ – коьрта террорист" баннер бахьана долуш чудоьллина зудий-майрий

Челябинскан полисхоша лоцуш ву жигараллин юкъархо

Челябинскан юккъерчу кIоштан кхело Цибуковский Дмитрийна ши шо ах шо, цуьнан хIусамнанна ши шо колонехь даккха хан кхайкхийна. И шиъ бехке дина политикан цабезаман а, мостагIаллин а бух тIехь вандализм а, хулиганалла а лелорна. Бахьана ду цаьршимма "ФСБ – коьрта террорис" тIеяздина баннер кечъяр.

Цунах лаьцна хаам бина "Агора" бакъонашларъярхойн тобанан куьйгалхочо Чиков Павела, жигархойн адвокаташна тIе а тевжаш, яздо "Карара хан" телеканало.

Юкъараллин ши жигархо дIалецира 2020-чу шарахь Охан-беттан 16-хь, цаьршиннан петара чохь таллам бинчул тIаьхьа. И шиъ бехке деш дара "Пензера гIуллакх" олучу бехктакхаман гIуллакхехула лаьцна болчу нахана гIортор еш 2018-чу шарахь регионерчу ФСБ-н урхаллин керт тIе шаршо олларна. Полицин версица, цаьршимма "чам боцуш кIоршаме, хам ца беш, эвхьаза" хулиганалла лелийнера, герз а лелош. Герз лаьррера полисхоша лай тIе кхоьссина фаер.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн тутмакх вийна ши зуламхо чувоьллина Челябинскехь

Цул сов, Цибуковский а, Сафонова а бехке динера вандализм лелорна – пенсех йоьзначу реформина дуьхьал суьрташ дехкинера цаьршимма трансформатаран будки тIе. Оцу бехках хьалхадитира зудий-майрий, зулам дарах жоьпалла дала деза хан тIехъяларна.

"Медиазоно" билгалдоккху Цибуковский а, Сафонова а, кхин а масех анархист а 2018-чу шарахь лаьцна хилар и акци бахьана долуш. Цибуковскийс дийцира, бехк тIелаца бохуш, анархисташна ницкъ бина хиларх лаьцна ФСБ-н урхаллехь. Оцу хенахь лецнарш дIахийцира. И гIуллакх шозза дIакъевлинера зулам дина дац аьлла, амма цул тIаьхьа гIуллакх юхадолийра.

Цкъа дуьххьара жигархой латтош бара талламан изоляторехь. 2020-чу шарахь адвокатийн аьтто хилира уьш шайн цIахь лаьцна латто бакъо луш кхеле сацам байта. 2020-чу шарахь Лахьан-баттахь дуьйна Цибуковский а, Сафонова а кхело цIахь дахийтира. Цаьршинан бакъо яцара арадала петара чуьра сарахь 10 даьлча дуьйна Iуьйранна 6 сахьт даллалц. Цаьршинна иштта дихкинера дуккха а адамаша дакъалоцучу барамшкахь дакъалаца а, зIенах пайда эца а, тешашца юкъаметтигаш лело а.