"Розанийн Революцин" 10 шо кхаьчна

Тбилисехь гуьржийн оппозицигахьа 2003-чу шеран Лахьан-беттан 8-чу дийнахь гулвелира 8000 стаг. Цара Iедал харжамашца харцо лелорна бехке а деш, президент Шеварнадзе Эдуард декхаре вира бехкечарна кхел ян.

Манифестан дийнахь полици.

Президента Шеварнадзе Эдуарда бертан къамеле кхайкхира оппозицин лидерш Саакашвили Михаил, Жвания Зураб, Бурджанадзе Нино Лахьан беттан 9-чу дийнахь.

Оппозицин лидеран Саакашвили Михаилан сурташ ду парламентна хьалха гулбеллачаьргахь.

Манифестацина гонахъоьзначу полицин могIаршна уллехула йоьду зуда.

ДоьалгIа де ду оппозици парламентна хьалха лаьтта. Шеварднадзес ша даржах вохон арабевллачарна кхерамаш туьйсу.

Студенташ - протестан декъашхой. Тбилиси, Лахьан-бутт, 20-гIа де.

Оппозици президентан хIусамна хьалха. Гуьржийчоь кегарехь ю. Шеварднадзес кхераман мур кхайкхийна, оппозицино президентан харжамаш дIабахьаре кхойкху халкъ.

Парламентна тIелетта оппозици, Тбилиси, Лахьан-бутт, 22 -гIа де.

Парламентан цIа чохь гойту телехьожийло оппозици, Лахьан-бутт, 22-гIа де.

Лахьан-бутт, 22-гIа де, хадеш Iийна полици дIайоьдуш ю президентан резиденцера.

Эзарнаш гулбелла Саакашвилис керла харжамаш хIиттор дIакхайкхош.

Саакашвили Михаила шен агIончашка хьалхе ду боху толам базбан, Лахьан-бутт, 23-гIа де.

Оппозицин лидер Саакашвили Михаилан къамел хилла Шеварднадзе Эдуардца. Шеварднадзес ша президентан дарж дитар дIахьедина.