Девлла лелачу къаьмнийн Дерриг дуьненан ловзарш

ГIиргIизойчохь лаьмнашкахь йиллинчу юьртийн эвлахь дIадоьлхуш ду Девлла лелачу къаьмнийн дуьненан довзарш.

Гезгмашин-беттан 3-чу дийнахь дуьйладелира Девлла лелачу къаьмнийн дуьненан ловзарш, говрийн бергийн татанца. 

Ловзарш схьадоьллуш хиллачу церемонехь деш долу шира хелхар.
 

Вевзаш волу актер Сигал Стивен вара Девлла лелачу къаьмнийн дуьненан ловзарш схьадоьллучу церемонехь дакъалоцуш. Иза гучувалар тIеийцира хьовсархоша маьхьарш деттарца. 

Говрашна тIехь цIеран гайтам.

Ловзарийн къийсадаларш коьртачу декъана говраш хахкарца а, тIеман говзалла гайтарца а доьзна ду. Амма къаьмнийн хелхарш а гойту цуьнан декъашхоша. 

ГIаж дIасаийзош къийсадалар.  

Чаболахь йоьдучу говрана тIе а хIоьттина секха Iад кхуссуш къовсавала кечлуш ву хIара къона бере.  

ЧIу хоьцуш ву Казахстанера бере. Хуучара дийцарехь, вуно хала ду кху кепара говра хаьхкина а воьдуш секха Iад кхосса. 

 

ЖIаьлеш довдуш къовсадалийтар. ХIара ду гIиргIизойн тайган олу жIаьла ду. И жIаьлеш ду лаьмнашка талла воьдуш лело динча санна.  

Талла воьдуш лелон аьрзу. 2014-чу шарахь кху кепара ловзарш долуш аьрзушна талла борз лелийра лаьцна диттах дIайихкина йолу. Кху шарахь цуьнан метта елла кIийгаш оьхкинера серан тIе. 

 

Бишкекерчу театран актрисийн гайтам юкъахбаьккхина цIеххьана тIетоьхначу догIано. Иза саццалц юьртана чохь хевшина Iаш бу уьш.  

Бере ву къийсадаларшка воьдуш. ГIиргIизойчоьнан лаьмнашкахь гуш ю гуьйре тIекхочуш хиларан билгалонаш. 
 

Венгрера Суарез Наталья нийсала чIу кхуссуш къовсалуш ю. Иза дуьххьара еъана Девлла лелачу къаьмнийн ловзаршкахь дакъалаца. Венгрийн а, гIиргIизойн а цхьа орамаш ду. Венгри дукха еза шена боху Суареза, цундела цигара дIаяха ца лаьа цунна. Амма юртан чохь яхалур яра ша боху цо. Цкъа мацца яхана а цу чохь яха эвла яха мега ша бохуш яра и йоI. Карарчу хенахь Наталья курьер болх беш ю. 

 

РогIерачу къийсадалашка хьажа боьлхуш хих бовлуш бу хIара хьовсархой.  

Iуьйринна гIаьттина цергаш юьлуш ву Ловзарийн декъашхо.  

Юрта сиха хьа хIоттайо хьожуш къийсадалар Ловзарийн цхьа дакъа ду. Тоьллачу тобано иза хIоттайо 13 минот ялале.
 

Домра локхуш къовсавала кечлуш ву Казахстанера веана Нурмат Мансур. Иза радиожурналист ву. 
 

ХIумакхаллале доIа деш бу хIара Ловзарийн декхашхой. 

Къоман духар доьхна гIиргIизо ву юрти чохь садоIуш. Девлла лелачу къаьмнийн дерриг дуьненан ловзарш дIадоьрзур ду Гезгмашин-беттан 9-чу дийнахь.