ХIирийчуьрчу клиникехь ковидах беллачарна къоланаш до, латкъамаш бо гергарчара

Къилбаседа ХIирийчохь коронавирусах беллачу нехан хIуманаш лечъийна меттигерчу Клиникан дарбан хIусамехь, чIагIдо церан гергарчара. Меттигерчу яхархочуьнан Лучкина Еленин нана елла Марсхьокху-беттан 9-хь. Лучкинас чIагIдарехь, цуьнан пIелгара мухIар даьккхина, яздо Mash телеграм-канала.

"Цуьнан мухIар дара, цкъа а плгара доккхуш а доцуш. БархI шо хьалха цунна совгIатана деллера оха иза. Госпитале охьайижош мухIар цуьнан пIелга тIехь дара. Дара иза цуьнца реанимаце юьгуш а. Амма морге кхаьчча цуьнан мухIар дацара", - дуьйцу Лучкинас.

Цо чIагIдарехь, полици реза ца хилла, бехктакхаман гIуллакх доло, "лоьрийн оцу хьокъехь ала хIумма а ца хиларна".


Цу тайппаниг хилла Бичикаев Давидан оцу дарбан хIусаме охьайиллина хиллачу ненаца а. Бичикаевс чIагIдо, шен ненехь, 7 эазар сом чохь а долуш, ахчанан бохча дара бохуш.

"Тхан гергарнаш иза моргера схьаэца бахча, цуьнан хIуманаш дарбан цIийнехь палати чохь йисна хиллера, амма 7 эзар ца хиллера бохчи чохь, цхьамма дIаэцнера ахча. Иза цуьнца хилла ца Iан, дукхахболчера ахча а, деши а, лачкъо там берг дерриг лачкъийна меттигаш ю", - чIагIдо Бичикаевс.

Беллачера гергарнаш карарчу хенахь цхьаьне кхайкхам кечбеш бу ницкъаллин структурашка.

Республикерчу могашаллин министраллехь дIахьедина, хилларг шайна хууш хIума дац аьлла, билгалдоккху Mash-а.