Президентан дарж къовса дагахь ю Клинтон ХIиллари
Клинтон ХIиллари а, Арканзасан губернатор Клинтон Билл а президентан харжамийн кампанехь дакъалаца кечлуш ду 1992-чу шарахь. Харжамашкахь толам а баьккхина, Клинтон Билл Iамеркин президентан декхарш кхочуш дан волавелира 1993-чу шарахь.
Клинтон ХIиллари Уэллслехь колледжехь доьшуш. 1973-чу шарахь Йеллерчу университетехь юристан диплом каракхаччалц колледжехь студентийн юкъараллан коьртехь яра Клинтон ХIиллари.
Клинтон ХIиллари хьалхара леди йолуш хилла официалан сурт. 1993 шо.
Клинтон Билл а, Клинтон ХIиллари а, цаьршиннан йоI Челси а (аьттоагIорхьара шолгIа). 1997 шо.
КIайн ЦIинехь къамел деш ю Клинтон ХIиллари. Хьалхара леди йолуш цо шен тидамехь латтош дара могашалла ларъярехь а, пачхьалкхан политикехь а реформаш ярца доьзна хаттарш.
Сенатор хоржуш хиллачу харжамашкахь толам баьккхина Клинтон ХIилларис. Нью-Йорк, 7, Лахьан-бутт, 2000 шо. 2006 шарахь иза юха а хаьржира Сенате.
Сенаторш Обама Барак а, Клинтон ХIиллари а Iамеркин Конгрессехь, Iамеркин президент Буш Джордж (жимахверг) вист хила кечлуш а волуш. Вашингтон, 23, Дечкен-бутт, 2007 шо.
Iамеркин Пачхьалкхан секретаран дарже хIуттуш чIагIо еш ю Клинтон ХIиллари. Цунна уллехь лаьтташ цуьнан хIусамда Iамеркин президент хилла волу Клинтон Билл а ву, цаьршиннан йоI Челси а ю.
Iамеркин пачхьалкхан секретар Клинтон ХIиллари а, Германин канцлер Меркел Ангела а (аьттоагIор) Вашингтон, 7, Мангал-бутт, 2011 шо.
Либи-пачхьалкхе доьдучу С-17 олучу тIеман кеманна тIехь ю Клинтон ХIиллари. 18 ГIадужу-бутт, 2011 шо.
Малави визитаца яхана Клинтон ХIиллари, цу пачхьалкхехь президент хаьржина Банду Джойс декъалван. Товбеца-бутт, 2012 шо.
Куну-эвлахь вехаш хиллачу Къилба Африкан республикан президент хиллачу Мандела Нельсонан хIусамехь хьошалгIахь ю Клинтон ХIиллари. 6, Товбеца-бутт, 2012 года.
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Iамеркин пачхьалкхан секретар Клинтон ХIиллари а Азин а, Тийна боккхачу хIордан а экономикехь юкъарлонаш лелоран саммитехь (АТЭС). Владивосток, 8 Гезгмашин-бутт, 2012 шо.
Президентан дарж къовса дагахь ша аьлла Iамеркахошка йист хуьлуш ю Клинтон ХIиллари.