2012-чу шеран 12 бакъонаш-Iалашъярхо
Су Чжи Аун Сан, оппозицехь йолу политик, Бирма. Шен чохь чуйоллийна латтийна. Су Чжи Бирмехь (Мьянмехь) демократин боламан коьртехь лаьтта 20 шо сов хан ю. 1989-чу шарахь дуьйна 2010-гIа шо тIекхаччалц шен чохь хан текхна ю. Нобелан совгIатан лауреат.
Чэн Гуанчэн, юкъараллин жигархо а, бакъонаш-Iалашъярхо, Китай. Набахтехь 4 шо а даьккхина ша паргIатваьккхича, Iамерке дIавахана. Ша бIаьрзе велахь а, Чэн дерриг дуьненчохь гIараваьллера Китайн Iедало, доьзалхой ца байта, лелош йолчу политкина еш йолчу критика бахьанехь. Чэна зударшна, аборташ а, стерилицаци а ен бохуш, Iедало беш болчу Iаткъамах лаьна информаци гIараяьккхинера.
Беляцкий Алесь, оппозицехь волу политик, Белорусси. 2011-чу года Беляцкина 4,5 шо колонехь яккха хан тоьхна. Международное сообщество считает приговор политически мотивированным. Беляцкий "Весна" цIе йолу адамийн бакъонийн центран коьртехь ву.
Сотудэ Насрин, адамийн бакъонийн жигархо, ГIажарийчоь. Оппозицинерийн гIуллакхаш дIакхоьхьуш йолу адвокат. Набахтехь 11 шо хан токхуш ю.
Ай Вэйвэй, суртдиллархо, жигархо, Китай. Ай Вэйвэй шен кхоллараллица гоьваьлла дерриг дуьненчохь. Стохка Iедалан коррупцина критика яр бахьанехь Айс 3 бутт баьккхира набахти чохь.
Букерт Питер, Human Rights Watch, Цхьаьнатоьхна Штаташ. Букерт - Либин лидер Каддафи МуIаммар вер толлуш арабаьккхинчу белхан авторех цхьаъ ву.
Муквеге Денис, лор, Конго. ХIокху сохьта пачхьалкхана арахьа шен могашалла меттахIоттош ву, шена вен тIелатар динчул тIаьхьа.
Козлов Владимир, оппозицин лидер, Казахстан. Козлов оппозицин партина "Алга!" а, "Халкъан Фронтан" а коьртехь ву. Президент Назарбаев Нурсултанан луьра критик. 7,5 шо хан а тоьхна, набахтехь хан токхуш ву.
Юсафзаи Малала, зудаберашна дешийта бакъо къуьссу жигархо, Пакистан. 14 шо долу Малала тахана шен могашалла меттахIоттош ю, тIалибаша шена тIелатар динчул тIаьхьа.
Аббасов Идрак, журналист, Азербайджан. БIаьста Аббасовна йиттинера полисхоша, цо цхьана юьртахь видео яьккхина аьлла.