Мел кхиаме талламхо хир ву Девятов Сергей?

Юстицин инарла-майор Девятов Сергей.

Кху кIиранах эфирехь оха дийцаре дан хIоттийна хаттар иштта ду. Девятов Сергейн аьтто хир бу аьлла хетий шуна, Нохчийчохь хила ма безза талламан комитетан урхаллан болх дIахIотто а, Iедалехь болчу наха дина бохуш дуьйцуш долу зуламаш таллар чекхдаккха а?

Хетачух лаций телефон тоха тхоьга. Горгали а баийтина, охаьйилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене. ПрахIе зΙе тухуш: код


СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com