ГIажарийн эвлахь тIулгашна чохь йина хIусамаш

ГIажарийчуьра Табриз-гIалина уллехь йолчу Кандован-эвлахь бехаш 680 гергга нах бу. 

Дела денна долу дахар Iетта-ломах баьллачу тIулгана чохь йинчу хIусамашкахь кхехкаш ду.

Кибирчиг а, дечиг а товш догIу тlулгаца.

Шира хlусамаш тойина тlе лабанаш а, кораш а хlиттийна.

Некъана йистехь хlоттийначу туька-тайппа меттехь мах беш бу зударий.

Кхоьш, хlуш, бецаш юхкуш йолу базар ю Кандованехь.

Гlажарийчоьнан лаккхара лидер Аятолла lела Хомейни а, цул хьалха хилла волу лидер Аятолла Рухlолла Хомейни а ву пена тlерачу суьрта тlехь.