Баакхуба гергахь тийсадаларш ду дIадоьлхуш

Your browser doesn’t support HTML5

Мангал-беттан 23-гIа чохь юха а тийсадаларш хилира Иракъан Эскарний, Иракъан а, Шемин а Исламан Пачхьалкх (Даулят ал-Исламиййа фил-Iиракх ваш-Шам) организацин тIемалошний юккъехь. Иракъан эскаро яьккхинчу видео тIехь гуш ду шина агIона вовше детташ долу герз. Тийсадаларш дIадоьлхуш ду Баакхуба-гIалина гена доцуш, 60 км БагIадан къилбаседехьа. Видео тIехь кхин а гуш ду Iедалан эскархойн карадеана долу герз, Даулятан тIемалой шайн позицешкара дIабаханчул тIаьхьа. (AP)