"Безаман манифестаци" хилла СтокхIолмехь

Эзарнаш шведаш дакъалоцу «Безаман манифистаци» хилла кIирандийнахь СтокхIольмехь. ГIалин юккъехь теракт хиллачу меттигана генадоццуш гулбеллера цу акцин декъашхой.

Цара, минотан тийналла а хIоттош, дагалецина цу бохамехь кхелхинарш. Акцехь дакъалецина политикаш а, музыканташ а, илланчаш а.

Охан-беттан 7-чу дийнахь киралелон машен тIетуьйхира зуламхочо буьйлабелла лелачу нахана СтокхIолман юккъехь.

Полицино бинчу хаамца, цу терактехь вийна 4 стаг. 15 стаг чевнаш хилла ву.