Нохчийчохь гуттаренна хан тоьхна Пермскан ОМОН-нна тIелатарехь бехкевинчунна

Басаев Шемал, архивера сурт

Нохчийчохь велла дIаваллалц чохь йаккха хан тоьхна 2000-чу шарахь Пермскан ОМОН-нна герзаца тIелатарехь бехке леринчунна. Оьрсийчоьнан конституцина дуьхьало йеш гIаттарна, бакъоларйаран структурийн белхалочунна зулам дарехь бехке лерина и. Хан шатайпачу ражан набахтехь йаккха тоьхна.

Талламхоша дийцарехь, буьйранчийн Басаев Шемалан, Хаттабан тобанан декъашхо волуш, цо тIелатам бира Пермск-мехкан ГУВД ОМОН-ан, Нохчийчоьнан Ведана-кIоштан комендатурин белхалошна, боху Коьртачу прокуратуро. Джани- Ведана йуьртана гергахь бинчу тIелатамехь дакъалоцуш 100 сов тIемало хилла. Милицин белхалойх а, эскархойх а 43 цара вийра, бIе сов чевнаш йеш, лазавира.

Цу гIуллакхехь сацам бинарг Лаккхарчу кхелан кхелахо Тесаева Макка йу. Бехке леринчун цIе йуьйцуш йац.

  • 1990-2000 шерашкахь оьрсийн эскаршна дуьхьалло йиначарна бехктакхаман гIуллакхаш доладо. Жоьпе ца озош ца буьту амнистина йуккъе бахнарш а. Кавказ. Реалии-с дикка кхетош дийцира иштачу цхьана масалах - вежаршна ИдаловгIарна гIаттийначу бехктакхаман гIуллакхех.
  • Нохчийчуьра вахархо Атуов Рашид бехке лаьрра Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанан декъехь 2000-чу шеран зазадоккху-беттан 29-хь Перман мехкан ГУВД ОМОН-н тобанна а, Нохчийчоьнан Веданан кIоштан комендатурин эскархошна а тIелатар дарна.
  • Къилбаседа Кавказехь тIемлой лоруш болчара кхелашкахь дIахьедо, шаьш мел дийцинарш шайга, ницкъбеш, дийцитийна ду олий, боху бакъонашларйархоша, адвокаташа а.