Нохчийн боксхо лачкъор а, Кадыровн керла контент-центр а. КIиранан жамIаш

Саламов Iумар

Нохчийчуьрчу Iедална пиар йарна лерина контент-центр, лачкъийна вигина боксехула дуьненан чемпион 10 баттахь лаьцна латтор, набахтехь хан токхучу нохчочо мацалла кхайкхор – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 43-чу подкастехь.

Your browser doesn’t support HTML5

Динна тIехула мацалла кхайкхийна нохчийн тутмакхо | МАРШОНАН ПОДКАСТ #43

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Лачкъийна нохчийн боксхо

Iалхан-ГIалахь кху шеран дечкен-баттахь лечкъийначарлахь хилла боксехула дуьненан чемпион волу Саламов Iумар. 10 бутт баьлча маьршаваьккхина иза – Соьлжа-ГIаларчу къайлахчу набахтехь Iазапехь латтийна иза, дуьйцу адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" Центро.

Бакъоларйархойн хаамашца, лахьан-беттан 1-чу буса арахецна Саламов. Шегара боксхочуьнгара, йа цуьнан гергарчу нахера цунах хиллачух лаьцна хаамаш бац "Мемориалехь", амма хьасташа чIагIдарехь, Соьлжа-ГIалин МВД-н урхаллехь иза латточу хьалхарчу беттанашкахь муххале а цунна тIехь ницкъбеш, сийсазаллаш лелийна хиллера.

Саламовна тIаьхьабевлла леларан бахьана девзаш дац – хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана иза хестийнера шен къамелехь.

Иштта Iалхан-ГIалахь лечкъийна нах шина шарера 10 шаре кхачалц хенаш йиттина набахте хьийсийна хиларх девзина "Мемориалана" – низамехь доцуш герзашца тоба кхолларна, цу йукъахь дакъа лацарна бехкебина уьш. ХIинца уьш Чернокозоверчу ИК-2 набахтехь хан токхуш бу, царахь цхьаъ кхеру регионерчу набахте дехьаваьккхина.

Iалхан-ГIаларчу Саламов Iумаран 29 шо ду, Дуьненайукъарчу боксан организацин (WBO) версица, иза дуьненан чемпион ву, иштта дуьненахь уггар тоьллачу 15 боксхочун тептарехь а ву. Хьалхо Украинехь, Америкехь кечамаш бина цо.

Нохчийчуьрчу Iедалан контент-центр

2024 шарахь Нохчийчохь шен болх дIаболор бу регионалан контент-центро. Цуьнан белхахоша меттигерчу министраллийн а, хьукматийн а социалан машанашкарчу агIонашна лерина посташ йазйийр йу, дийцина Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима. Цигахь болх бийр волчу 17 стага "бахархошна хаамашна тIекхочийла латтор" ду, иштта "регионалан контент кечйеш, пачхьалкхан пабликашкахь уьш арахоьцуш" гIуллакх лелор ду. Кадыровн пропагандин коьрта офис хилла дIахIотта тарло иза, боху тхан редакцица къамел динчу адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" Центран хаамийн сервисан белхахочо. Шен цIе ца йаккхар дехна цо.

"Регионера пачхьалкхан органийн белхан жамIех, ладамечу хиламех, керланех, проектех, дIадолорех" дуьйцур ду боху керлачу хьукмато. Бюджетера мел ахча оьшур ду и кхочушдан, хууш дац. Центр кхолларх лаьцна тхан редакцига дуьйцу "СК SOS" кризисан тобанан векал йолчу Мирошникова Александрас.

"Суна хетарехь, "троллийн фабрико" лелориг дийр ду керлачу "контент-центро". Дуккха а нехан цхьатерра ойла йолуш санна хоьтуьйту цу белхо – и йу цуьнан эвсаралла. Цара йазйен комментареш беламе йелахь а, бен дIа доцучу наха уьш ахчана дуьхьа йазйеш йелахь а. Регионехь хуьлучух бакъдерг дуьйцурш къайлабаьхна оцу хесторан посташа: церан терахь кIезга ду мотта тарло".

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно йоккха терго латтайо социалан машанашкахь бечу балхана тIехь. Социалан медиахь дукха хьехош хиларца рейтингашкахь хьалхара нислауш хуьлу Кадыров. Республикерчу бюджетан хьукматийн белхахой декхаре бо цуьнан посташкахь и хестош комментареш йазйан а, иштта меттигерчу хьукматийн агIонашкахь а. Масала, 2020 шеран аьхка зорбанан министро Дудаев Ахьмада ГИБДД-н белхахошца хиллачу цхьанакхетарехь тIедиллира ницкъахошна, регионехь адамийн бакъонаш хьоьшу бохучу хаамашна жоьпаш дала.

2022 шарахь Нохчийчуьра хьехархой декхаре бира республикан куьйгалхочун инстаграмерчу, телеграмерчу посташна комментареш йазйан – хесторан кепехь бен хила ца йезара уьш. Оцу кепара тIедиллар дира хIетахь бюджетхошна, социалан машанашкахь жигаралла ледара йу аьлла Кадыровс латкъам бича.

Ишта дуьйцу оцу хьолах лаьцна Европехь болчу оппозицин политикан "Толам" боламан векало Музаев Сайхана.

"ЧIагIлуш ду хьал, контроль йу латтош. Нехан хьекъал эшон гIертар ду иза. Вайна хууш ду, и болх цара хьаьнга бойтуш бу – берриг бюджетхой бу уьш. Царах боьзна нах бу уьш, муьлххачу хенахь балхара дIабаха йиш йолуш, церан даьхни схьадаха, таIзар дан, сийсазабан а. Карарчу хенахь куьйгаллехь Москвано дIахIоттийна стаг ву – доза доцу Iедал ду цуьнгахь, низамна тIехула лаьтташ ву иза… Наггахь церан пабликашкарчу комментарешка хьоьжу со. Беламе хуьлу иза. Гуш ду, йазйархьама цара иза йаздеш дуйла. ХIунда аьлча, царна тIебиллина бу и болх. Амма со тешна ву, цара цхьанна кепара ца хуьйцу нехан ойла".

ГIалгIаскхий бовзийта барамаш тIечIагIбина Нохчийчохь

Оьрсийчоьнан гIалгIаскхех йоьзна пачхьалкхан стратеги кхочушйен барамийн план Нохчийчоьнан куьйгалло тIечIагIйина. Меттигера гIалгIаскхий жигара йукъаийзор бу мобилизацина а, эскархойн гIуллакхна а, цIеххьана хIоьттинчу къаьстинчу хьолехь гIо дан а, наркотикашца къийсам латтон а.

Премьер-министро Хучиев Муслима куьгйаздинчу омри тIехь охьайазйина гIалгIаскхашца йукъарло лелоран агIонаш. Йу царлахь: нохчийн кегийрхошлахь гIалгIаскхий бовзийтар, махкара гIалгIаскхийн культурин хьолана мониторинг йар, Теркйистера гIалгIаскхийн Де даздар.

Къастийна йаздина ду гIалгIаскхийн доьзалашна а, Украинерчу тIамехь лазийначарна а, кхелхинчарна а гIо дарх. Иштта гIалгIаскхий йукъаийзор бу Iалам Iалашдарца боьзначу балхана а, иштта шайн лаамерчу цIейайархойн дружинашка а. ГIалгIаскхаша гIуллакх дийр ду, Нохчийчоьнан дозанаш тIерачу тIеман министраллин а, Росгвардин а дакъошкахь.

Нохчийчуьра гIалгIаскхий бовзийтарна а, царна гIо дарна а мел ахча оьшур ду, динчу омра тIехь хьахийна дац.

Теркан-Гребенскан гонашкара гIалгIаскхийн йукъараллина йукъайогIу Нохчийчоь. Стохка стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан Iедалхоша дIакхайкхийра, махкара 308 вахархо ву гIалгIаскхийн йукъараллашкахь аьлла.

Динна тIехула мацалла кхайкхийна нохчийн тутмакхо

Ангарскера колонихь бунт гIаттийнера аьлла, бехкевинчу Нохчийчуьра вахархочо Хайдаев Хьумида мацалла кхайкхийна Иркутскера номер I йолчу талламан изоляторехь. ТIаьхьо сацийна цо шен протест, шен дехарш хьукматан администрацино кхочудича, дийцина "Гражданской содействие" комитетан къоьвлинчу телеграм-каналехь.

Мацалла кхайкхоран бахьана хиллера изоляторан администрацино динан билгалонашца дискриминаци лелор – бусалбанашна магийна йоцу йуург кхехьа буьйлабелла хилла лаьцначунна.

ГIуран-беттан 13-чохь чуделла хилла Хайдаевс кехат ша мацалла кхайкхош хиларх, хаамбо таIзар динчарна тIетевжина Ircity сайто. Хайдаевца цхьаьна йуучух дIахаьдда бунтах гIаттинчу гIуллакхна бехкевен Марченко Иван а, цо протест йо, хIусамнанна хIара волчу йан дехкарна. Бехкевечо бахарехь, беа баттахь цкъа йеххачу ханна хIусамненаца цхьанакхета бакъо йоллушехь, йоццачу ханна а тIе ца йитина иза. ТIаккха хиъна Марченкона, шега аьлла хIума а доцуш, шогачу хьелашка ша дехьаваьккхиний.

"Гражданское содействие" комитетан хаамашца, мацалла йолийна гIуран-беттан 14-чохь дуьйна, масех тутмакхо йолийнера ишта протест – билггал маса стаг вара уьш, хууш дац. Тутмакхашна гIо латточу прграммин координаторо Титиев Аюба бахарехь, Иркутскера СИЗО-хь кхача баларан кеп хийцина хьаькам ханна садаIа цIахь сецначул тIаьхьа. Цул совнах, мацалла кхайкхон кхин а цхьа бахьана делира, камераш чохь шийла хилар, хаамбо бакъоларйархоша. Набахтин администрацино йовхо латторан гIирс дийнахь дIабойъуш хиллера, амма буьйсанна цу чохь йохйала ца кхуьура, хIунда аьлча, -20 градусал лаха хуьлуш нисло арахь шело. ХIинца камерашкахь хьалха хиллачул йовхо йу, дийцина бакъоларйархоша.

Лецначара латкъамаш дира СИЗО-н куьйгалле а, прокуратуре а. Цул совнах, Хайдаевна тIекхечира Иркутскан кIоштахь адамийн бакъонаш Iалашйен векалйина йолу Семенова Светлана.

ГIалмакххой дIабохорна лерина иэсан у дохор

Сталинан Iедалан хенахь гIалмакххой махкахбахар дагалоцуш хIоттийна иэсан у дохийна Волгоградан махкахь. Шина дийнахь бен ца лаьттина иза.

ТIаьхьо меттигерчу администрацино хаам бира, бехке хетарг лаьцна шаьш аьлла, вандалалла лелор бохучу артиклехула гIуллакх долийна цунна дуьхьал. Иэсан у меттахIоттор ду шаьш элира иштта Iедало. Лаьцнарг – психоневрологин лазартнехь дарба лелийна стаг ву, йаздо волгоградхойн VI.ru зорбано, шен хьасташна тIетевжаш. Официалехь тIечIагIбина бац и хаам.

"МаьIна доцу питана" ду аьлла хиллачух ГIалмакххойчоьнан куьйгалхочо Хасиков Батус, бехкечарна шога таIзар даре а кхойкхийна цо.

ГIуран-беттан 27-чу буса хилла тIелатар, Абганерово йуьртарчу аьчкан некъан соцунгIехь. Меттигерчу зорбанаша бахарехь, иэсан у тIехь йаздина хиллера, 1943 шарахь билггал оцу йуьртахь йара "гIалмакххойн къам схьагулдина меттиг, нуьцкъаха, билгалйаьккхина йоцучу ханна уьш Сибреха хьийсочу йукъанна". Амма репрессеш лелорна бехкенаш муьлш бу ца олу меттигерчу зорбанаша.

ГIалмакххойн къам махкахдаккхар гIуран-беттан 28-чу дийнахь доладелира. "Улусы" аьлла билгалйаьккхинера и операци советан Iедало. ГIалмакххойн къаной, карахь лелон бераш цхьаьна махкахдаха деза аьлла тIедиллинера хIетахь. Даьхний дIасакхоьхьучу цIерпошташкахь уьш Сибреха хьийсийра. Официалера дIахьедаршца, ШолгIачу дуьненан тIамехь гIалмакххоша нацистийн немцойн эскаршца йукъаметтиг лелорна царна дина таIзар ду иза, бохуш дуьйцура. Цхьа бух боцуш долу и бехкаш оцу шерашкахь дIадохийначу дерриг къаьмнашна дохкура.

Махкахбаьхначу гIалмакххойн терахь 98 эзар дара. НКВД-н белхахоша а, фронтера йухаберзийначу эскархоша а дIайаьхьира и операци. И хьал гинчу наха бахарехь, махкахбахар къизаллашца дIахьора, "адамалла йоцучу хьелашкахь". Кечамаш бан ши сахьт лора, цхьайолчу меттигашкахь – масех минот. Уьш стенга буьгу, новкъахь маса де доккхур ду цаьрга ца дуьйцура.

Сибрехан йерриг майданашкахула дIасабаржийра уьш: Тюменера Сахалине, Ямалера Красноярске кхачалц. ГIалмакххой цхьана меттигехь гулбелла ца Iайта гIерташ, цаьрга вовшашна гIо ца дайта барамаш лелабора Iедало.

ГIалмакххойн историкийн хаамашца, дIабохийначу 13 шарчохь беллачу нехан терахь дукха тIех сов хиларна, цуьнан тIаьхьалонаш масийтта иттанаш шераш даьлча а хаалуш йу.

ГIалмакххошна а, кхечу къаьмнашна а йина депортацеш "Сталинан рожан варварийн акци" йу аьлла тIечIагIдира 1989 шарахь СССР-н Лаккхарчу Кхеташоно. "Репрессеш лайначу къаьмнашна реабилитаци" йар бохучу РСФСР-н низамехь оцу къаьмнашна "геноцид йина" аьлла дуьйцу.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: