Олимпан ЦIе Соьлж-ГIалахь

Your browser doesn’t support HTML5

Юьхьанца аэропорте гулбелира нах – кеманца кхачийра Соьлж-ГIала Олимпан ЦIе. Кар-кара а луш, иза майданашкахула дIасаядийра мехкан администратора Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а, спортхоша а, бевзаш болчу жигархоша а. ГIалин юккъехула а яьккхина, Ахьмад-Арене кхачийра ЦIе. Ловзаршца бирзира барам. Видеон авторш – Елхоев Леча, Султанов Ахьмад.