Президентан харжамийн хьалхара мур бу тахана Францехь

Францин президентан харжамаш дIабуьйлабелла хIордаyдехьа йолчу цу мехкан территореш тIера. Цаьрца цхьаьна кхаж таса буьйлабелла Iамеркехь а, Канадехь а беха французаш.

Францин куьйгалхочуy дарж къовсуш ву 11 кандидат. Цу пачхьалкхан исторехь дуьххьара лаххара а 4 стаг вала мешаш ву Стигалкъекъа-беттан 7-чу дийнахь хир болчу харжамийн шолгIачу муьре.