ГIирме кхачон тIай куьце далош ду

Тамань олучу Оьрсийчоьнан гIалара нах хьоьжуш бу ГIирман 19 км дехьа дуьллучу тIайне. 5000 герга белхалой бу 2015 шарахь йолийначу проектехь дийнахь а, буьйсанна а болх беш.
 

Ротенберг Аркадий ву (юкъехь) белхаш дечу метте веана. Бераллехь дуьйна ду цуьнан доттагIалла Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца. И гергарло бахьанехь  дуккха а миллиардашна гIишлош ян контракташ кара а кхаьччна, бахам гулбина цо.
 

Байначу баттахь даьккхинчу суьрто гойту, коьрта тIайн нартолаш йина йовла герга хилар.
 

Нартолаша цхьанатухур ю тIайн гIортораш, хIурдкемана буххула лела атта хилийта.
 

Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь хинбухахь карийра дуьненан  шолгIачу тIамехь дохийна  Curtiss P-40 олу хIордкема.
 

Москохарчу гайтамехь дуьйцу Керч тIай дилларан исторех.
 

ГIирма йолчу агIор дика ган таро ю, лакхара охьа бIаьрг тоьхча, тIайн чекхе.
 

ХIордо тулгIенаш етташехь, болх беш ву инженер. Оцу тIайна тIе хьажийна даккхий ахчанаш, дуккха а Оьрсийчоьнан гIирсаш. New Yorker журнало Iораяьккхинчу рапортехь дуьйцу Оьрсийчохь автомобилан некъаш дар сацийна хиларх. Ткъа Керчехь деш долу тIай хенал а хьалха дина долуьйтуш ду.
 

Мар-нускал ду дукха хан йоццуш ГIирма агIор дерзийна хIотийначу гIанта тIехь хиина Iаш.
Оьрсийчуьра ГIирме йоьду дуьххьарлера машенаш оцу тIайтIехула чекхъевр ю тIедогIучу шеран ГIуран-баттахь.