КIиран суьрташ -- Стигалкъекъа-бутт, 6-11
«Иза» цΙе а туьллуш, сурдиллархоша Касторо Манолос, Лоренто Хулиос, Лоренте Альбертос хΙоттийна хΙоллам бу гойтуш Гаванехь, Биеннале 11-чу урамехь, Куба. (AFP)
Азербайджанах ша-шеггара дIакъаьстинчу Ломан-Карабахан шахьарахь Степанакетехь Зазадоккху-баттахь, Толаман Дийн
Пакистанехь хи чохь луьйчуш ю йоI 40 градусал а сов дохделлачу дийнахь. (AFP/ Ιела Ариф)
Пари, 33 шо, Гератерчу шен цΙахь нуй хьокхуш. 7 шо долуш, юьрта тΙе Советан Ιедалан кеманаша бомбанаш тоьхча, куьг даьккхина цуьнан. Кхийра пхьегΙаш а юхкуш кхобу цо шен кхо бер а, къена майра а. (AFP/ Карими Ареф)
Керстанаша Марха достуш Урдун Малхбалерчу Берда тΙехь, Наблус-гΙалина гена боцчу Гаразим лома тΙехь ламаст кхочуш деш ю «Самарянаш» шех олу динан тобан векалш. (REUTERS / Авад Аммар)
Шемахь, Дараа-гΙали йистехь, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Машаран тоба тΙехйолуш, некъаца эккхийтар хилча лазийна Шемара салти. (AFP / Бешара Лоуай)
Махкахь юкъара тΙом боьдуш йохийначул тΙаьхьа меттахΙоттийначу майданахь садоΙуш бу ОвхΙанистанера студенташ. ( AFP/ Исмайо Бай )
Къилба Вазирстанехь тΙалибашца тΙемаш боьлхуш Хайбер-Пахтунхва къоштарчу Дера ИсмаΙал Хан юьрта мухΙажирш бевлла нах бу сагΙа схьаоьцуш. (ERA/ Рахьман СаΙуд)
Москох Путин Владимирна дуьхьал оппозицино бакъонза вовшахтоьхначу оппозицин гулам Ιедалан лерринчу ницкъаша дΙасалоллуш. (Reuters/ Синяков Денис)
Харжамийн цийнахь нанас кхаж тосуш хьожуш ю йоI, Грецехь Iедалан харжамаш дабоьлхуш, Афины, 6Заз2012. (Reuters/ Цамаро
Нью-Йоркехь пресс-конференцехь ша "Диктатор" цIе йолчу киногайтамехь ловзор долу васт довзуьйтуш ву актер
Оьрсийчоьнан керла президент Путин Владимир а, хилла президент Медведев Дмитрий а Кремлехь Путининна тажтиллар дирзинчул тΙахьа. Пачхьалкхахь шена дуьхьал лаьтташ гуламаш а болуш, Путина цхьаалле кхайкхира халкъ. (Reuters/Астахов Дмитрий)
ТуьтмΙаьжгаш йоьхначу жигархоша хΙоттийна васт: Германин Канцлер Меркел Ангела Францин президентца ХΙолланд Франсуаца Берлинерчу Брандербурган Кевнехь къайлаха маре деш. (AFP/Мак Дугалл Жон)