Таханлерчу дийнан тоьллачех долу сурташ

Овхlан пачхьалкхера Бамиян провинцехь йоl ю шен коьрта тlехь яахlума ен гlирс эцна йоьдуш. 
(Reuters/Mohammad Ismail)

Охан-беттан 29-чу дийнахь Алеппона уллехь йолчу Салахlеддинехь Шеман президентан ал-Асад Башаран муьтlахь болчу ницкъашца летачу Шеман гlаттамхойн эскаран командир дог даьттlа ву, танк ца лаца яларна. (Reuters/Ammar Abdullah)

Охан-беттан 29-чу дийнахь Пакистанера Пешварахь йолчу университетехь 8 стаг вуьйш эккхийтар хиллачул тlаьхьа, гlодархой бу аьнглеш схьалахьош. (Reuters/Ammar Abdullah)

Чехин коьрта Прахlа-гlалахь нуьцкъала эккхийтар хилира Охан-бетан 29-чу дийнахь. Иттаннаш нахана чевнаш хилира. Газ дlаэхар ду боху, эккхийтаран бахьана. (Reuters/David W. Cerny)

Аполлон космосан кеманна тIера йовхо латторан гIирс бу "ХIурдан бухара белхалочуьн" палубин тIехь. И гIирс Атлантик хIурда бухара хьалабаьккхина. (Bezos Expeditions)

ТIехь хаттаран хьаьркаш а, пIелгийн томмагIнаш а долу чIурамаш латийна Косовера албанхоша, Приштинехь тIепаза байна нах дагалоьцуш. (AFP/Armend Nimani)

Оьрсийн президент Путин Владимир (Аьр) Кремлехь цхьанакхетта Японера премьер-министрца Абе Шинзоца. (AFP/Kirill Kudryavtsev)

Мажошца къийсадаларан декъашхойн суьрташ ду Германин къилбехьарчу Пфорзеймехь. (AFP/Uli Deck)

Германера уггар лакхарчу Зугспитце ломан буьххьехь, Баварин Альпашка бIаьрг тоха сецна, лаьмнийн баьххьашка вуьйлуш верг. (AFP/Tobias Hase)

Палестинера ортодоксан керста нах Газа-гIаларчу килсанехь, шайн динера дезачу кIиран дийнахь дакъа лоцуш. (AFP/Mahmud Hams)

ЖаIу Кропфелдер Томас ву Бусбахехь уьстагI лоргуш. Германи (AFP/David Ebener)