ДIадахана кIира сурташкахь -- Товбеца-бутт 14-20

Косовера бусулба нах ламазаш деш бу маьждигана хьалха. Приштина, Товбеца-беттан 20-гIа. (AFP/Armend Nimani)

Стаг Къуръан доьшуш ву БагIдадан Садр-сити олучу куьпехь долчу маьждигехь. Товбеца-беттан 16-гIа. (AFP/Ahmad Al-Rubaye)

Мисар-пачхьалкхехь йолчу хIокху ТВ каналехь никхаб лелош болу зударий бен болх беш бац. Товбеца-беттан 19-гIа. (REUTERS/Mohamed Abd El Ghany)

Оьрсийчохь Уралехь йолчу Магнитогорск-гIалара бахархой сакъера арабевлла. Товбеца-беттан 16-гIа. (REUTERS/Sergei Karpukhin)

ХIусам йоцу зуда набарна дIатевжина Киевехь. Товбеца-беттан 18-гIа. (REUTERS/Gleb Garanich)

ЙоI хьоьжуш ю, ОвхIан-мехкан кхерамазаллин ницкъашкара гIуллакххо тIехволуш. Пактия првинци, Товбеца-беттан 16-гIа. (REUTERS/Lucas Jackson)

ОвхIан-махкара зудабераш шира тIеман говзаллаш Iамош бу ХIератехь. Товбеца-беттан 18-гIа. (EPA/Jalil Rezayee)

Товбеца-беттан 15 чохь Тортеска Даница маре яхана Македонехь йолчу Галицник-юьртахь. Нускал мера-цIа дигира мардассий, тешашший. (REUTERS/Ognen Teofilovski)

Товбеца-беттан 18 чохь тIалибаш йоьллинчу бомбано NATO-н 22 кира кхоьхьу машен хIаллакйира ОвхIан-махкахь. (REUTERS)

КIа охьу хьер. ОвхIан-мохк, Балх провинци, Товбеца-бутт 16-гIа. (AFP PHOTO/Qais Usyan)

Черногорехь цIе дIайойуш. Товбеца-бутт 17-гIа. (REUTERS/Stevo Vasiljevic)

Болгарехь, Бургасан аэропортехь автобус эккхийтинчул тIаьхьа ялаза яьлла зуда дарбан-цIа юьгуш ю. Товбеца-бутт 19-гIа. (REUTERS/Stoyan Nenov)

Украинера полисхой шайн говзаллаш гойтуш бу Артёмовск-гIалахь йолчу талламан изоляторехь. Товбеца-бутт 19-гIа. (AFP/Alexander Khudoteply)

Беларусин коьртачу шахьарахь Минскехь шарам беш бу Оьрсийн премьер-министр Медведев Дмитрий схьакхачале. Товбеца-бутт 18-гIа. (REUTERS/Vasily Fedosenko)

Бер ча тIехь ловзуш ду. Хорвати-пачхьалкх, Осиек, Товбеца-бутт 15-гIа. (REUTERS/Antonio Bronic)

Къилбаседа-Корейра эскархой хелхабуьйлуш бу, пачхьалкхан 28 шо долчу лидерна Ким Йонг Унна маршалан дарж делча. Пхеньян, Товбеца-бутт 18-гIа. (REUTERS)