ДIадахана кIира сурташкахь -- Товбеца-бутт 28 - Марсхьокху-бутт 3
Pussy Riot панк-тобанара Толоконникова Надежда Москох йоьдуш йолчу кхелехь. Цунна а, цуьнан 2 накъостана хенаш тоха там бу православин килс чохь Путинна дуьхьал йиш лакхарна. (ITAR-TASS/Mitya Aleshkovsky)
Оьрсийн премьер-министр Медведев Дмитри (аьрр) Лондонехь гIортор еш ву шайн зударийн волейболан команда Британица ловзуш. (ITAR-TASS/Valery Sharifulin)
Бразилера зударийн хIандболан команда оьрсашца ловзуш. (AFP/Javier Soriano)
3000-метр божарийн стиплчейс. (AFP/Adrian Dennis)
Беларусера Лыжин Павел, финале кхача гIерташ. (REUTERS/Kai Pfaffenbach)
Оьрсийчура Захаров Илья а (аьрр), Кузнецов Евгений а. (REUTERS/David Gray)
Iамеркера некадархо Фелпс Майкл 200-метр дистанцехь. (AFP/Francoise Zavier Marit)
Iамеркера гимнаст Даглас Габриэл дукъо тIехь. (REUTERS/Dylan Martinez)
Оьрсийчура гимнаст Мустафина Алия васхалш тIехь. (AFP/Thomas Coex)
Мустафина Алияс (аьтт) шен командера накъост Комова Виктория маръюллуш ю, зударийн гимнастика къийсадаларш чекхдевллча. (REUTERS/Mike Blake)
Хорватера хIандболхо Балич Ивано, Къилба Корейца ловзуш. (AFP/Javier Soriano)
ГIажарийчура ШахIсавари Неда, Нигерера Ошонайке Олуфункеца стоьлан теннисах ловзуш. (REUTERS/Grigory Dukor)
Iамеркера боксер Бризил Доминик (аьрр), Оьрсийчура веанчу Омаров Мохьмадца буй-тIара еш. (AFP/Jack Guez)
Украинера хинкеманхой Дементьева Яний (хьалх), Коженкова Анастасия а, Довгодко Наталья а, Тарасенко Катериний тоьллера Лондонехь. (REUTERS/Natacha Pisarenko)
Оьрсийн президент Путин Владимиррий (аьрр), Британин премьер-министр Кэмерон Дэвиддий (аьтт) дзюдо къийсадаларшкахь. (AFP/Franck Fife)
ОвхIанхойн божарий Кабулера маьждиг чохь ламазаш динчул тIаьхьа. (REUTERS/Omar Sobhani)
Карачехь долчу Мемон-маьждигехь божарий марханаш даста кечамаш беш ду. Пакистан, Марсхьокху-бутт 3. (REUTERS/Athar Hussain)
Азербайджанхойн зударий Нардаранехь долчу маьждиге боьлхуш бу. (AFP/Vano Shlamov)
Пакистанера кегий нах наб еш бу Карачехь некъа юккъехь. (REUTERS/Akhtar Soomro)
Шемахойн зуда тIамо Димашкъехь дохийначу цIеношна тIехйолуш ю. (Reuters/Omar al-Khani)
Шемин эскаран танк Алеппохь. (REUTERS/Goran Tomasevic)
Шемера жима мухIажир Урдун-махкахь. (AFP/Khalil Mazraawi)