ДIадахана кIира сурташкахь -- Стигалкъекъа-бутт 19-25

Азербайджанхойн оппозицин агIонча лаьцна Бакох 21 чохь Iедална дуьхьал вовшахтоьхначу митингехь. Митинг йоьгIна яра дIадаханчу кIирнахь махкахь хиллачу Eurovision эшарийн къовсамца. (Reuters/David Mdzinarishvili)

Темза-хи йистехь хьалаухкуш ду Ингалсан паччахьийн 1977 шарахь даьхна сурташ. Кху шарахь 60 шо Элизабет II-чунна паччахьан таж тиллина . (Reuters/Suzanne Plunkett)

КIант шен гIудалкх текхош ву Iамеркан эскархой тIом бан кечлуш лаьтташшехь. КандахIар провинци, Стигалкъекъа-бутт 23. (Reuters/Shamil Zhumatov)

Iамеркан эскархо, сай-бодий къастале, зурма локхуш ву ОвхIан-мехкан Забул провинцехь. Стигалкъекъа-бутт 23. (Reuters/Tim Wimborne)

Пакистанхо розин жаззаш даржош ву, дакъо. Оцу жаззехь хаза хьожу йогIу чIурамаш до Пакистанехь. Лахор, Стигалкъекъа-бутт 22. (Reuters/Mohsin Raza)

Николич Томиславн агIонча Сербехь президентан харжамашках политико баьккхина болу толам базбеш ву. Белград, Стигалкъекъа-бутт 20. (Reuters/Djorde Kojadinovic) 

Николич Томиславн кхин а цхьа агIонча Сербехь президентан харжамашках политико баьккхина болу толам базбеш ву. Белград, Стигалкъекъа-бутт 20. (AFP/Dimatar Dilkoff)

Чехера вилспетхочо Кройцигер Романа Roman Kreuziger толам баьккхина Giro d'Italia къийсадаларшкахь. Стигалкъекъа-бутт 25. (Reuters/Allessandro Garofalo)

Пакистанера чIерийлецархой. Карачи, Стигалкъекъа-бутт 23. (Reuters/Athar Hussain) 

Украинера Гей Форуман куьйгалхочуннна Шеремет Святославана етташ ю бевзаш боцчу наха Киевехь. Стигалкъекъа-бутт 20. (Reuters/Anatolii Stepanov)

FEMEN олучу радикал зударийн тобанан жигархо ю Euro 2012 футболан чемпионатан коьрта совгIатана катоха гIерташ. СовгIат гойтуш дара Лвив-гIалахь Стигалкъекъа-беттан 24. (AFP/Yuriy Dyachshyn)

Йеменехь Iедалан эскархой барамаш хьош бу кхо де хьалха вала араваьллачу стага СанаIа-гIалахь байъинчу неха декъий тIехь долуш. Стигалкъекъа-бутт 24.  (Reuters)

Зуда тIедаьллачу хиш дохош долчу цIеношка хьоьжуш ю. Потоцари-юрт, Босния-ХIерцеговина, Стигалкъекъа-бутт 25. (Reuters/Dado Ruvic)

Iамеркан хIаваъан ницкъийн кеманаш МанхIэттен тIехула лелаш ду. Нью-Йорк, Стигалкъекъа-бутт 23. (Reuters/Eduardo Munoz)

Украинера парламентан депутаташ сесси дIхьош бу Киевехь. Стигалкъекъа-бутт 24. (Reuters)

Сахьт тIехь йолу бIов, Италехь мохк бегийнчул тIаьхьа. Финале Эмилия, Стигалкъекъа-бутт 20. (Reuters/Giorgio Benvenuti)

Беларусера Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллин лерринчу ницкъашкара гIуллакххо Iаморшкахь дакъа лоцуш ву. Воловщина, Стигалкъекъа-бутт 22. (Reuters/Vasily Fedosenko)