КIиран сурташ-- Гезгмашин-бутт 8-14
Флорида-штатехь шен харжаман кампани дIахьуш волу Iамеркан президент Обама Барак, мара а воьллина, хьалаайина цуьнан агIончо. (Reuters/Larry Downing)
Кабулехь футболах ловзуш ду бераш. (Reuters/Mohammad Ismail)
2001- чу шарахь Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь Iамеркана динчу терроран тΙелатарехь велла 3000 стаг дагалоцуш, чиркхашца стигал къагийра Лахарчу МанхIэттенехь. (Reuters/Eric Thayer)
Шемахь, Алеппохь, кхача боькъучу центре йоьдуш, хIара зуда уллохула йолуш ю йохийначу гIишлонна. (AFP/Marco Longari)
Ялташ чудерзош бу Кандагарера ахархой. (AFP/Tony Karumba)
Украинан коьртачу гIалахь Киевехь? "Киев - бакъдерг а бен ца дуьйцуш" яздина уллохь у а долуш, ламеш техь вижина ву хIусам а йоцуш висина стаг. (AFP/Sergei Supinsky)
«Бусулбанийн бехк цахилар» филм бахьана долуш хиллачу къепедацаршкахь вийна 28 стаг.
Ислам сийсазден филмана дуьхьал Швейцарин векалаллана хьалха акци дIахьуш йолчу зудчо дIалаьцна аятолла Хоменеи Iелин сурт. (AFP/Atta Kenare)
Йеменехь Цхьанатоьхначу Штатийн векалтна тΙелата гΙерта гуламхой дΙасалохкуш, полицино хиш диттира нахана тΙе, ирх герзаш а кхуьйсуш. (Reuters/Khaled Abdullah)
Iамеркан байракх этIийна Цхьаьнатоьхначу Штатийн КъахIира-гIаларчу векалаллана хьалха Мохьмад-пайхамар сийсазвен филм яккхар бахьана долуш оьгIазбаханчу демонстранташа. (AFP)
Либерчу Бенгази-гIалахь, тIелатар дар бахьана долуш, вийна Iамеркан Либехь волу векал Стивенс Кристофер а, кхин а кхоъ Iамеркахо а. Герз карахь стаг ву лаьтташ йогучу векалаллина хьалхахь. (Reuters/Esam al-Fetori)
Шемахь, Алеппохь, бомбанаш еттачу кеманах лечкъина ю хIара зуда. (AFP/Sam Tarling)
Пакистанехь, Карачи-гIалахь, 258 стаг а вогуш, цIе яьллачу бедарш тоьгучу индустрина хьалха гулъелла цIеяйархойн а, лоьрийн а машенаш. (Reuters/Akhtar Soomro)
2004-чу шарахь НАТО-н Iамораш дIахьуш эрмалойн эпсар вийна волу Азербайджанан салти Бакохо дIахецарна реза боцу эрмалой бу Москох дуьхьалонан акци дIахьуш. (AFP/Andrei Smirnov)
Римера Папа Бенедикт XVI Либане вогIуш ву аьллачу постерна уллохула тIехйолуш ю йолаяла араяьлла зуда. (Reuters/Jamal Saidi)
Iамеркан эскаран патрул уллохула йолуш, шайн яьххьаш хьулйина Кандагар-провинцин Калача цIе йолчу юьртара бахархоша. (AFP/Tony Karumba)
ОвхIанистанехь, Кандагар-провинцехь, Линдсей олучу тIеман базина генахь доццуш долчу кешнашна уллохула дIавоьдуш ву Iамеркан салти. (AFP/Tony Karumba)