КIиран сурташ -- ГIадужу-бутт 1-7
Кху беттан 3-чу дийнахь Белорусехь 12 % дазделла юкъараллин транспорт тIехь дIасалелар. ХIара зуда ю Белорусин коьртачу гIалахь Минскехь троллейбус чохь. (REUTERS/Vasily Fedosenko)
Киевера "Динамо" футболан клуб ловзуш цуьнан фанаташ бу гулбелла Киеверчу Олимпин стадионехь. (REUTERS/Gleb Garanich)
Кху беттан 7-чу дийнахь меттигера харжамаш хир бу Боснехь. Сараевохь постершна уллохула йолуш ю хIара зуда. (REUTERS/Dado Ruvic)
Белорусерчу Горани-эвлахь цу мехкан милици кхоьллина 60 шо кхачарна хьажийначу кху беттан 4-чу дийнахь хиллачу гайтамашкахь шен жIалица цхьаьна шен корматалла гойтуш ву милицин эпсар (REUTERS/Vasily Fedosenko)
ГIиргIизойчоьнан коьртачу гIалахь Бишкекехь тасадаларш хилира кху беттан 3-чу дийнахь. Цу акцин декъашхой лууш бара уггара йоккха йолу дашо доккху шахта пачхьалкхан дола яккха.(Reuters/Vladimir Pirogov)
Пекин-гIалин йистехь Сийлахь Боккхачу Китайн Пена тIехь гулбелла туристаш. (REUTERS)
Pussy Riot тобанна гIортор еш Винзавод олучу меттехь дIахьочу гайтаме чувоьдучу меттигехь гулбелла бу хIара гIалгIазакхий. (ITAR-TASS)
Пакистанерчу Карачихь чай духкуш волу 20 шо долу Гул Рахмет ву эцархошка хьоьжуш. (REUTERS/Athar Hussain)
ОвхIанистанехь Файзабад-гIалина уллерчу Пакистанера цIабоьрзуш болу мухIажираш дIатарбеллачу меттигехь ловзуш ду хIара бераш. (AFP/Qais Usyan)
Чевнаш хилла Шемарчу Алеппо-гIалара гIаттамхо. (AFP/Zac Baillie)
Болгарехь Маглиж-гIалахь шен хIусам йохош хьожуш ю цигонийн зуда. (Reuters/Stoyan Nenov)