Инзаре суьрташ

Индехь кIант боьхучу Iам чохь луьйчуш ву Нью-Делехь, стигалкъекъачу-беттан 3-чу дийнахь.

ГIажарийн зударий бу дино ма-баххар духар доьхна, сноубордан къийсадаларшкахь дакъалоцуш, ТехIран, стигалкъекъачу-беттан 3-гIа де. 

Стаг довхачу дийнахь Сардараб хина чукхоссалуш ву Пакистанерчу Пешварехь. (Рейтерс/Фаяз Азиз)

Наха Украинерчу Лвовехь вовшийна хи детта ЦIена Оршотан Де даздеш, стигалкъекъачу-беттан 2-гIа де. (AFP/Юрий Дьякушин)

Нах, догIуш ло а долуш, чIерий лоьцуш бу Енисей хина тIехь, Сибрерчу Дивногорск гIалахь, Оьрсийчоь. (Ретерс/Илься Наумышин). 

Казахстанан президент Нурсултан Назарбаев артисташца хелхаволуш ву Казахастанерчу Нехан Цхьааллин Де даздаршкахь.

Ловзархой буьрка къуьйсуш бу хIора шарахь хуьлучу Лело матчехь Шухурти юьртахь, Гуьржийчоь. (Рейтерс/Давид Мдзинаришвили).

Нах цIерх йинчу баррикадашна тIехбуьйлуш бу стигалкъекъачу-беттан хьалхарчу денна леринчу протестехь, Истанбулан кIошт, стигалкъекъачу-беттан хьалхара де. (AFP|Ясин Акгул).

Иракъера зуда йохийнчу машенна тIехйолуш ю, 'Исламан Пачхьалкх' шех олучу тобано къилберчу Иракъерчу шаIитийн махкахь йолчу СамавахI гIалахь, стага ша-ша оьккхийтуш динчу шина тIелатарна жоьпалла тIеэцначул тIаьхьа.(AFP/Гайдар Гамдани)

Пакистанера стаг болх беш ВУ метал лелочу белхан меттигехь, Къинхьегаман Де тIекхача цхьа де дуьсучу хенахь (ера/Рахат Дар)

Оьрсийчоьнан президент Владимир Путин (аьтту агIор) а, Оьрсийчоьнан ортодоксан патриарх Кирилл а ортодоксан денна леринчу даздаршка веана стигалкъекъачу-беттан 1-чу дийнахь, Москохорчу Iиса пайхмаран цIарах йолчу кафедрале. (AFP/Кирилл Кудрявцев)

RFE/RL-ан уггар инзаречарех цхьадолу суьрташ