Тоьлла сурташ

Гуьржийчура Тбилиси-гIалахь тезет ду Кипиани Датона хIоттийна. Цига баьхкинарш гуьржийн, украинхойн а байракхаш эцна боьлхуш бу. Украинера оппозицина гIортор йина Кипиани, Чиллан-беттан 20-чу дийнахь Киев-гIалахь хиллачу протесташкахь волчу вийна ву, герз тоьхна. 

ТIаьхьарчу беттанашкахь Iедална дуьхьал митингаш лаьттинчу Киевера Йозуш Ца Хиларан майданахь йоьлхуш зуда ю. (AFP/Bulent Kilic)

Йерзина Фимен боламан жигархо ю Украинера хьолана а, хьастагIа набахтера мукъаяьккхинчу Тимошенко Юлияна а дуьхьал араяьлла. Царна хетарехь, Тимошенко Путинан тайниг ю. (epa/Etienne Laurent)

Йоккха стаг а, цуьнан цициг а ду Киеван юккъерчу урамехь, Чиллан-беттан 24-гIа де. (AFP/Louisa Gouliamaki)

Митингехь лаьттарш къовлабелла, полицино тIе деттачу хих. Хьонкарахь керла некъ схьабелларна дуьхьал бу демонстранташ. (Reiters/Umit Bektas)

Къона ОвхIанан мухIажар ю ХIарипурера урамехь, Пакистан, Чиллан-беттан 25-гIа. (epa/Sohal Shahzad)

Москохарчу Кремлан пенна уллехь Вевзаш Воцчу Салтичуьн Сийлаллин гIарол хийцалуш, Чиллан 25, (epa/Barbara Walton)

Москохарчу Замоскворецкий кхелана хьалха "Болотная гIуллакх" толлучу кхелахочуьн сурт тIелатийна пхьуьйшаш доцург полисхошна гойтуш ю къена зуда. (epa/Sergei Chirikov)

Алеппо-гIалахь йохийначу гIишлошна уллехь стоьмаш бухкуш волу стаг, уьш эца цхьаа ца вогIу те бохуш, хьоьжуш. (AFP/Mohammed al-Khatieb)

Митровицера гIаш-тIай тIехула йогIуш зуда ю, Косово. (AFP/Armend Nimani)

Киевера Йозуш Йоцчу майданера баррикадашна тIехьа хиина Iаш стаг ву. (AFP/Bulent Kiric)