КIиранан сурташ -- Зазадоккху-беттан 24-30, 2012

Урдун-мехкан коьртачу шахьарахь Iамманехь йолчу Шема-пачхьалкхан векалаллина хьалха рузбан ламазаш чекхдевллачул тIаьхьа Шемера мухIажарша а, бухара бахархоша а дIаяьхьнера митинг Башар ал-Ассадан Iедална дуьхьал. (REUTERS/Ali Jarekji)

Президенташ Алиев Илхьам а (Азербайджан - аьр), Казахстанера Назарбаев Нурсултан а, Цхьаьнатоьхначу Штаташкара Обама Барак а, Къилба Корейра Ли Мьюнг-Бак а сурташ дахийта кечлуш бу Сеулехь йоьдуш йолчу Зарратан Кхерамазаллин Саммитехь. (AFP/Jewel Samad)

Некъа йистехь мах беш ву кIант. Кветта, Пакистан. (REUTERS/Naseer Ahmed)

ОвхIанхой латта тосуш бу шайн кха тIе Кундуз провинцехь. Дукхачу декъана кIа доьш хилла оцу махкахь, амма тIаьххьарчу 30 шарахь юьртбахам дIатесна лаьттина тIемаш а, йокъо а бахьанехь. (AFP/Johannes Eisele)

Шемера мухIажир Туркойчохь. Шайн синош дадийна, эзарнашкахь дIабахана шемахой Туркойн махка, цхьа шо хьалха иккхинчу конфликтах бевда. (AFP/Adem Altan)

Туркойн парламентхой тийсалуш бу Хонкарахь. (REUTERS)

ТуьтмIаьжиг юьйхина волу стаг ву Украинехь премьер-министр хилла йолу Тимошенко Юлия набахтера арахеца, бохуш, дIахьош йолчу демонстрацехь дакъа лоцуш. (AFP/Sergei Supinsky)

Куба-пачхьалкхан коьртехь лаьттина волу Кастро Фидел цхьаьнакхетта Папа Бенедикт XVI-гIачуьнца НIаванехь. (AFP)

КIант ву Euro 2012 футболан чемпионатан логона хьалха скейтборд хоьхкуш. Киев, Украина. (REUTERS/Anatolii Stepanov)

2011 шеран Лахьан-баттахь мехкадаьтта доккхучу Жанаозен-гIалахь къепедацаршкахь дакъа лаьцна хиларна бехке веш волу стаг ву кхеле озийна. Актау, Казахстан (REUTERS/Vladimir Tretyakov)

Идархо Воруд Маслахьа ю шен Наблусана уллехь йолчу кертахь меженаш дIасаийзош. Веа палестинхочо дакъа лоцур ду Лондеонехь хир долчу Олимпин ловзаршкахь. (REUTERS/Ammar Awad)

Босни-пачхьалкхе баьхкина болу Испанин паччахь Хуан Карлос а (аьт), цуьнан делегацин декъашхой а исторехь гIарадаьлла долчу Мостар-гIалин тIай тIера чукхиссалуш болчу нахе хьоьжуш бу. (REUTERS/Dado Ruvic)

ОвхIан-махкахь йолчу Баграм-гIалина уллехь дечке яхана йолу йоI. ЙоIан нах четаршкахь Iаш бу гIалина гергахь йолчу аренашкахь. (REUTERS/Erik De Castro)