КIиранан сурташ -- Зазадоккху-бутт 31-Охан-бутт 6
Босни-ХIерцоговинин коьртачу шахьарахь Сараевехь гуламаш дIабаьхьира, 20 шалха сербаша гIала гуоне лацар дагалоцуш. "Сараевон ЦIен Зил" олуш яра беллачеран сина лерина акци. (RFE/RL / Midhat Poturovic)
ГIали юккъехь Маршал Тито урамехь дIахIоттийна долу хIора гIант дайъина долчу адамийн терахьца нисдина дара. (RFE/RL / Midhat Poturovic)
(RFE/RL / Midhat Poturovic)
(RFE/RL / Midhat Poturovic)
Кегий гIанташ тIамехь дийна долчу 643 берана лерина дара. (RFE/RL / Daisy Sindelar)
(RFE/RL / Midhat Poturovic)
(RFE/RL / Midhat Poturovic)
(RFE/RL / Midhat Poturovic)
Сараевохь дайъинчу берийн синна доIанаш дира наха. (RFE/RL / Midhat Poturovic)
Афинашкахь Охан-беттан 4 чохь демонстранташ полицица тийсабеллера, ахчанаш хедорна реза воцу цхьа воккха стаг, ша шена а тоьхна, веллачул тIаьхьа. (AFP/Aris Messinis)
ОвхIан береш бу Кабулехь Бузкаши ловзаршкахь хьуьнарш къуьйсуш. (AFP/Johannes Eisele)
Немцойн салти гIарол деш ву ОвхIан-мехкан Тахар провинцин коьртачу шахьарна Талокханна уллехь. (AFP/Johannes Eisele)
Европехь уггар лекха хила езаш йолчу бIаьвна цIе яьллера Москох Охан-беттан 2 чохь. (AFP/Alexander Nemenov)
Пакистанера ДжамIат-уд-ДаIва тобанера жигархо Iамеркин байракхана мача етташ ву Карачи-гIалахь йоьдуш йолчу демонстрацехь. (AFP/Asif Hassan)
Нах малхе бевлла Петарбухехь йолчу Петропавловская гIопа хьалха. ( AFP/Olga Maltseva)
Къона ГIиргIизойн дизайнерш шайн белхаш гойтуш бу Бишкекехь доьдуш долчу Модин КIирнахь. (Reuters/Vladimir Pirogov)
Католикийн мозгIарш ламазаш деш бу Байт-ул-Макхдисехь йолчу Деза Кошан Килса чохь. (Reuters/Darren Whiteside)