КIиранан Сурташ -- Чиллан-бутт 4-10

ХIоьттина йолу шело новкъа яц Мюнхенехь Олимпин паркехь салазаш хахка луучарна, Герман-пачхьалкх, чиллан-бутт 7 (AFP/Christof Stache)

Боснехь йолчу Калиновик-гIалане тIехулара хьаьжча, чиллан-бутт 9. (REUTERS/Dado Ruvic)

Луо кIел долчу хинкеманашна тIехволуш ву стаг Украинин пачхье чохь Киевехь, чиллан-бутт 10. (REUTERS/Anatolii Stepanov)

Киевехь Метро чувуссучохь сагIа доьхуш ю йоккха стаг, чиллан-бутт 8. (AFP/Sergei Supinsky)

ХIусам йоцу гIазкхи Орцаллин Министралло латтош болу кхача бууш ву Москох, чиллан-бутт 8. (AFP/Kirill Kudryavtsev)

Стаг лайлахь болчу аьчка-некъа тIехула воьдуш ву къилбаседа Индехь йолчу Шимла-гIалахь, чиллан-бутт 8. Европехь хилла а ца Iаш, инзаре шело Азин цхьадолчу дакъошкахь а хIоьттина. (AFP)

ОвхIанхойн кIант ву поппарх йинчу хIусамна хьалха лаьтташ, Кабулна генахь йоцуш йолу Чархи Кхамбар мухIажирийн туп, чиллан-бутт 6. (AFP)

Афинехь бензин чохь долу шиша иккхина Грекийн полицина хьалха чIагIделлачу экономикан хьелашна дуьхьал йоьдучу протестехь, чиллан-бутт 10. (REUTERS/Yiorgos Karahalis)

Демонстрацехь дакъа лоцуш волу палестинхойн жигархо (аьрр) девне ваьлла Израилхойн дозанхочуьнца, ал-Джания-юрт, Рамалла-гIалина гергахь, чиллан-бутт 8 (REUTERS/Mohamad Torokman)

ШиIатийн моллин Мокхтада ас-Садран агIончаш къоман байракх лестош бу, Iамеркин эскарш дIадахар даздеш. Садр-гIала, къилбаседа БагIдад, чиллан-бутт 9. (AFP/Ali Al-Saad)

Зуда ю куьзган чохь гуш Туркменистанан коьрта шахьарахь йолчу базарахь, Ашгабат, чиллан-бутт 8. (REUTERS/Aman Mehinli)

Iедалехь йолчу AK Партин депутат Аксак Мухьиттин а (аьтт), Республикхойн Партин декъашхо Танал Махьмут а тасавелла Туркойн парламентехь дIайоьлхучу дебаташкахь, Хонкар, чиллан-бутт 8. (REUTERS)

Къилбаседа-Корейн керла лидер Ким Йонг Ун (юккъ) Корейхойн Халкъан Эскаран цхьа хIордан дакъа долче вахана йовзуьйтуш йоцуш йолчу меттехь (REUTERS/KCNA)

Кегий кIентий эмкалш-хехкаран къийсадаларшкахь дакъа лоцуш бу Бандар-Аббас-гIалахь, къилба ГIажарарийчоь, чиллан-бутт 7. (MEHR NEWS/Ahmad Jafari)

ЧIерий цIандеш хилла волу 10 шо долу кIант садоIуш ву Карачи-гIалин портехь, Пакистан, чиллан-бутт 7. (REUTERS/Akhtar Soomro)

Пакистанера чIерахой кит-акула хьалабоккхуш бу кранаца Карачехь чиллан-беттан 7-чу дийнахь.12 метр беха, 6-7 тонна беза болу чIара белла карийнера Iаьрбийн хIорд чохь. (AFP/Asif Hassan)

Ши шемахойн кIант ву догIанехь воьдуш туркойн-шемахойн дозанехь йолчу мухIажарийн туьпехь, чиллан-бутт 8. (REUTERS/Murad Sezer)