КIиранан сурташ -- Охан-бутт 21-27

Бераш ловзуш ду Исламабадехь Охан-беттан 20 чохь чудоьжна долчу Боинг 737 аьхгаш тIехь. (Reuters/Faisal Mahmood)

Исламадера къано ву Боинг 737-н чIург уллехь хиина Iаш. (Reuters/Faisal Mahmood)

Жима стаг ву Москох Охан-беттан 22 чохь дIаяханчу сабанан лоппагийн фестивалехь дакъа лоцуш. (AFP/Dmitry Kostyukov)

Беларусера сийлаллин гIаролхой зезагийн кочар хьош бу Минскехь Чернобылехь кхелхинчарна хIоттийначу мемориале, Охан-бутт 26. (Reuters/Vasily Fedosenko)

"Энтерпрайз" тIурненен чIегIаг НАСА-но леррина кечдинчу Боинг 747 тIехь Джерси-гIалина тIехула доьдуш ду, Охан-бутт 27. (Reuters/Adam Hunger)

"Cutty Sark" хIорд-кема къобалдан яхана йолу падчахь Элизабет II ю экъан чохь гуш. Гринвич, Лондон, Охан-бутт 25. (AFP/Kirsty Wigglesworth)

Aвтобусан корехь гуш ву цигонийн кIант. Белградехь херцашлахь Iийна болу цигонаш Iедало кхеченхьа дIакхалхийра Охан-беттан 26 чохь. (Reuters/Ivan Milutinovic)

Хи даьржина Боголюбово-юьртана гергахь. Оьрсийчоь, Охан-бутт 26. (Reuters/Denis Sinyakov)

Покров-Нерли тIехь йолу килс ю Iома чохь къаьсташ. Боголюбово, Охан-бутт 26. (Reuters/Denis Sinyakov)

ОвхIан-мехкан БагIлан провинцехь тIедевллачу хишка хьоьжуш бу бахархой, Охан-бутт 23. (EPA/Naqeeb Ahmed)

Iамеркин салтий бу тоьпаш хьажийна Iаш, ТIалибаша шайна герзаш тоьхначул тIаьхьа. КандахIар, Охан-бутт 26. (Reuters/Baz Ratner)

ОвхIан цIеяйъархо Кабул-гIалахь йогуш йолчу машен тIе чоьпа тухуш ву, Охан-бутт 23. (Reuters/Omar Sobhani)

Союз TMA-22 капсула, шена чохь Iамеркера астронавттий, ши оьрсийн космонавттий долуш, охьайоьдуш ю Казахстанех йолчу Аркалик-гIалина уллехь, Охан-бутт 27. (AFP/Kirill Kudryavtevsev)

Паранджа-юьйхина йолу зуда. ОвхIан-мохк, ХIерат, Охан-бутт 23. (AFP/Aref Karimi)

ОвхIан йоI ю нехаш юккъехь йохка мегар йолуш йолу хIума лоьхуш, Кабул, Охан-бутт 26. (Reuters/Omar Sobhani)

Филиппинашкахь жима кIант ву довхачу дийнахь шланг кIеллахь луьйчуш, Охан-бутт 24. (Reuters/Cheryl Ravelo)

Тимошенкон агIончаш бу нана-доккха сурт хьош Киевехь йоьдуш йолчу митингехь, Охан-бутт 27. (AFP/Sergei Supinsky)

Набахти чохь хан токхуш йолу Украинера оппозицин хьалханча Тимошенко Юлия ю шена гIаролхоша йина ю бохуш йолу чевнаш гойтуш, Охан-бутт 25 (AFP)