КIиранан сурташ -- Зазадоккху-беттан 17-23
Новрузан (Керлачу Шеран) даздаршкахь хьажархой кампеташ лоьцуш. Алматы, Казахстан. Зазадоккху-беттан 21. (Reuters/Shamil Zhumatov)
Туркменийн коьрта шахьарахь Ашгабатехь Новрузан даздаршкахь къоман духар дуьйхина болу божарий яахIума еш бу. Зазадоккху-беттан 22. (AFP)
ОвхIан кIентий мах беш бу Кабулехь Новрузан даздаршкахь. Зазадоккху-беттан 21. (AFP/Shah Marai)
Къоман духар дуьйхина долу гIиргIизойн зудабераш хелхадуьйлуш ду Бишкекан юккъехь йолчу Ала-Тоо майданахь дIахьош долчу Новрузан даздаршкахь. Зазадоккху-беттан 21. (AFP/Vyacheslav Oseledo)
Иракъера курдой цIераш летош бу Ирбил-гIалахь Зазадоккху-беттан 21 чохь дIахьош долчу Новрузан даздаршкахь. (EPA/Kamal Akrayi)
ТIеман-ХIаваъан ницкъашкахь гIуллакх деш болу православийн мозгIарш парашуташца кхиссабала Iемаш бу Рязанера Лакхарчу ТIеман-ХIаваъан Ишколехь. Зазадоккху-беттан 21. (AFP/Andrey Smirnov)
Мехкадаьттан кхачонах лаьцна къамел дан дан воьдуш ву президент Обама Барак Нью-Мексико штатехь. Зазадоккху-беттан 21. (Reuters/Jason Reed)
ОвхIан-махкахь шарахь гIуллакх а дина, цIавоьдуш волу Iамеркан салти салпал юккъехь садоIуш ву, шен кема дале хьоьжуш. Зазадоккху-беттан 23. (Reuters/Erik De Castro)
Мазаре-Шарифехь йолчу Хьазрате-Iали зияратана уллехь кхокхарчий ду тIема девлла. Зазадоккху-беттан 23. (AFP/Johannes Eisele)
Украинера оппозицин жигархой Киев юккъехь йолчу майданахь митинг дIахьош бу. Зазадоккху-беттан 22. (Reuters/Anatolii Stepanov)
Сомалера полици ал-Шабабан декъашхо хиларна шеко йолуш волу стаг лоцуш ю. Зазадоккху-беттан 23 (Reuters/Feisal Omar)
Пакистанера бер хиш духкуш ду Зазадоккху-беттан 21 чохь, дуьне Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Хин Де даздан кечлуш долуш. (AFP/Rizwan Tabassum)
Индера ахархо наьрсаш хьош ву, АллахIабадан базарахь йохка. Зазадоккху-беттан 22. (Reuters/Jitendra Prakash)
Украинера Дозанан ГIаролхой, 2012 шеран Еврочемпионатана кечамаш беш, керла футболан гимн Iамош бу Зазадоккху-беттан 21 чохь Бориспол-аэропортехь (Reuters/Gleb Garanich)
Петарбухехь исбаьхьаллин галерейхь гойтуш долчу Путин Владимиран сурташна тIехволуш ву хьажархо. Зазадоккху-беттан 22. (Reuters/Alexander Demianchuk)
Сибрех, Красноярск-гIалахь йолчу набахти чохь Тува-махкара тутмакхаш Буддистийн ламазаш деш бу. Зазадоккху-беттан 22 (Reuters/Ilya Naymushin)