КIиран сурташ -- Чиллан-бутт 11-17
Украинера Фемен олучу зударийн духьалонан боламан жигархой дуьхьалонан акци дIахьуш бу Москох Газпроман коьртачу штаб-хIусаман хьалха. (ИТАР-ТАСС/Федичев Сергей)
Киевехь зезагаш дохкучу церемонехь дакъа лоцуш волчу президентана Янукович Викторна букътоьхна дIахIиттина Советан пачхьалкхо бинчу ОвхIанан тIамехь дакъа лаьцна болу Украинера ветеранаш. (Рейтерс/Гаранич Глеб)
Казахстанера жаIуй Iай жа дажош хуьлу шайн мехкан къилба-малхбалехь Китайца долчу дозанца. (Рейтерс/Жуматов Шамил)
Къилбаседа Корейн салтти воьлхуш ву дукха хан йоцуш велла волчу шайн баьччийн Ким Чен Иран вина де даздеш Пхеньянехь дIаяьхьначу парадехь дакъа лоцуш. (Рейтерс)
Оьрсийчоьнан премьер-министран Путин Владимиран сурт тIелатийначу светофорана уллехула буьйлуш бу нах Москох-гIалин юккъехь. (АФП/Кадобнов Юрий)
Иракъехь нехашгулярхо ву юха а пайденна хила мегаш йолу хIуманаш лоьхуш Тикритехь йолчу нехашкхуьссийлехь. (Рейтерс)
Тамашийна шенаш кхозуш ду дитташна тIехь, Германехь Шведт-гIаланна генайоццуш йолчу Унтерес Одертал цIе йолчу къоман паркехь. (АФП/Плеул Патрик)
Британера боксер Чисора Дерек тIара тухуш ву Украинерчу дуьненерачу боксехулчу кхеташонан (WBC) версехула чемпионана Кличко Виталийна, Мюнхенехь. (Рейтерс/Далдер/Михаел)
Страсбургехь Европарламентехь сессехь шен йоIаца кхаж тосуш ю Италера Европарламентан декъашхо Ронзулли Лициа
Веза Воккхачу Валентинан де даздеш Пакистанерачу Карачихь дохка дагахь хIаваан лоппагаш лаьцна хиина Iаш ву жимастаг. (Рейтерс)
Туркменистанан президентан Бердымухамедовн инаугураци.<