Путинан долара еза хIуьц-пуьцIуьлгаш
Москохан малхбузехь, Ново-Огарёвехь оьрсийн президентана лерина официала гIишло ю хIара 2000-чу шарахь дуьйна. Советан пачхьалкхийн лидерша садоIуш пайда оьцуш хилла гIишло 1990-чу шерашкахь дуьйна башха лелийна а яцара.
Константинан гlала Петарбухана гена йоццучу Стрельнехь ю. Пётар Хьалхарчунна йина яра иза аьхкенна тlехь садоlу меттиг санна.
lаьржачу хlурдана йистехь Бочаров Ручей олучу меттехь йолу Путинан кхин цхьа резиденци. Сочина гена йоццуш ю иза.
Президентан хlаваан кеманех цхьанна тlехь ву Путин. Рапорто чlагlдарехь, цуьнан шена хьашташна лерина 43 кема ду.
Некъахой дlасалелон IL-96-300 хIаваан кема Путинан президентийн хIаваан тобане дIаделла
Путинан долахь 15 беркема ду боху. Деккъа цхьана хIаваан кеман мах $1 миллиард доллар бу
ТIех еза машенаш а ю президентан хьашташ кхочушдан лерина.
2011-чу шарахь $40 миллион доллар доккху "Sirius" олу супер-яхта ийцира Оьрсийчоьно.
Хlордан тlехь волуш садоlучу меттигехь йина джакузи ю 6 стаг чу хаалур волуш.
Малхехь lуьллу меттиг а, дегl меттахдоккху фитнесан чоь а, кино хьожу чоь а, 14 стаг охьахаалур волуш, арахь хlума кхоллу меттиг а, цlарна тlехь жижиг дотту меттиг а, бар а ю.
Дийцарехь, Путинан йоккха коллекци ю куьгах духкучу сахьтийн. Швейцарерчу Blancpain динарш а цхьана ду цу юкъахь. Коллекцин мах $700,000 долларе кхаьчна.